Цкъа мацах, цкъа мацах хьалха
Кхетамза ахь къастийна
Илланчийн къийсаме да́хар
Ворхӏ басахь цо къа́гийна.
Кхин цхьаъ а йеза гӏулч йаккха
Гӏаттор ву хьо къийсамо!
Кхин цхьаъ а лекха гу баккха
Ойур ву хьо сийлалло!
Къора ву со, къора ву — и хьан къурдаш хаза.
Бӏаьрзе ву со, бӏаьрзе ву — и хьан бӏаьрхиш ган.
Ирча ву со, ирча ву — хьо йу дукха хаза,
Хьан-м хӏинца а таро йу хьайх дозалла дан.
Су́на лаарх ца хили хьох сан цӏе́ран на́но,
Хьу́на лаарх, ца хили сох хьан цӏе́ран да́.
До́ла до́цуш ширдели сан кураллин гӏама,
Хе́нан цӏаро йа́гайин гӏабали а хьан.
Кхерч лато ӏеми хьо, тхов тӏекхетта баьлча.
А́кха новкъа во́лу со ӏуьйре де́къалйа.
Некхан йуккъехь къуьйлу ас йамартлонан шаьлта.
Къора ву со, бӏаьрзе ву, мотт а сецна сан.
Дешнаш — гӏаргӏулийн.
Мукъам — сан не́нан.
Дӏаолу — Даймахко.
Жӏаьлийн летар дашадо догӏанаша.
Дитташа дечу доӏанаш а йовзуьйту буьйсанан гӏайгӏа. —
Ца́ра йекхна ӏуьйре йоьху.
Мох, шел а белла, дӏабижна.
Мархаш паргӏата йежа кӏо́тархойн кхашкахь.
Чиркхаш набарна детта.
Го́танна кӏамделлачу ахархойн куьйгашна гӏе́наш го.
Хьо су́на хьа́рам йу — и дешнаш дуу ас хӏинца,
Со му́ха кхе́та кху да́харо хӏоттинчу киртигах?
Хьо су́на хьа́рам йу — и дешнаш дозу сан цӏийца,
Сан некъийн энаш тӏехь дагардеш дицдан мел гӏиртинарш.
Хьо су́на хьа́рам йу, назбаран аьхналла санна,
Беттасан когийн бен кхин тата до́цучу буьйсанна,
Хьо су́на хьа́рам йу, шайтӏанна беза дуй санна,
Ткъа хӏунда кхолламо вайн некъаш, цхьа берд беш дуьйцина?
Хьо су́на хьа́рам йу — лазаман тӏаьххьара дийцар
Кхерстарца доьшу ас дешначохь хьан когийн чӏурамаш.
Хьо су́на хьа́рам йу — и дешнаш лозу сан цӏийца,
Лозу сан кхе́тамехь хьо лелла, хьо лела урамаш.