Нохчийн на́нас къонах винчу дийнахь
Пхьеро дечиг-пондар бина, бо́ху.
Некхан шуьрца илли дуьллуш кийра,
На́нас цуьнга и кховдийна, бо́ху.
Бо́ху, бекна пондар, дуьне декош,
Белабелла, дуьне де́ладеш.
Бо́ху, декна илли, кӏиллой бегош
Къонахчуьнан кийра ба́габеш.
Бо́ху иза махко, халкъо бо́ху,
Хьа́нал болх беш, маьрша латта о́хуш:
Хӏокху лаьттахь, йе́хаш мел йу на́на,
Хӏаллакъхила йиш йац дуьне хӏара!
Хӏокху лаьттахь къуьйсуш мел ву къонах,
Хӏара дуьне эшор ма дац воно!
Хӏокху лаьттахь декаш мел ду илли,
Кху дуьненан дай хир ма бац кӏиллой!
Бо́ху иза махко, халкъо бо́ху,
Да́с ше́н кӏанте дуьйцуш карладо́ху...
Гой, шуна, доттагӏий, Вайн на́ной къанлуш бу денна,
Хе́барша кхелинчу йаххьаш тӏе къоьжалла оьгу.
Хӏо́раннан вайн даг чу гӏайгӏане сахьийзар деъна,
Зама а сихйелла дӏайоьду, некъ некъах тоьгуш.
Гой шуна, доттагӏий, вайн на́ной къонлуш бу денна,
И на́нойн дегнаш ду даккхийдеш кхуьучу кӏентех.
Хӏо́раммо техкийна а́га а ца хилла-кх эрна,
На́хана дика дан кӏант хилча хӏо́́ра а цӏен тӏехь.
Хӏо́́ра де — цхьа кӏайн чо, хӏо́́ра де — цхьа хазахетар,
Вайн на́нойн баккхийбер кортош а кхелина къега.
Гой шуна, доттагӏий, на́ношна мел чӏо́гӏа оьшу
Хилар шаьш баккхийбеш шайн кӏентийн дикане хьоьжуш.
Йуханехьа хьовзор ду ас некъаш,
Уойла йуханехьа луьстур йу.
Дерриге а да́хар винчу ке́тӏа,
Винчу кхерча тховса дерзор ду
Ас хӏун дина, со мел кхиъна ва́ха,
Кху хӏусамо нийса къастор ду.
Ткъа кхелана ца оьшу кхин нах а,
Нийса кхел сан на́нас кхайкхор йу.
Хаац су́на-м маца мичхьа байна
Бераллера и туьйранийн мохк?
Цкъа а су́на бӏаьрга ша́ ца йайна,
Хийла йезна, Чингӏаз бо́ху йоӏ.
Чатакхийна та́ча хилла техьа
Стиглахь йайна оцу йоьӏан лар?
Хийла вийлла со ворхӏ ло́мал дехьа
Амма цкъа а хилла дац и гар.
Хийла гӏе́нах лоьхуш цуьнан гӏа́ла,
Лоьхуш цо ше́н кӏудал йузу хи,
Дуй ас биъна: ца даа, ца мала,
Цӏа ца верза бӏаьрга ца гуш и.
Иштта хено шерийн йо́за йаздеш,
Воь́душ дийзи хийла хийца некъ,
Уойлайарца, Чингӏаз хилла йац-те́,
Маца йоьллур ас сайн ирсан неӏ?