Абдулаев Лечина
Хила мегнарш, да нисделла гӏуллакхаш,
Чиллин марахь цхьалха дисна гӏура кхаш
Иллеш ду шу, ас йазданза дисина,
Не́нан бӏаьргаш, со цӏа ва́ре хьийсина.
Со леллера, со ваьллера а́ре́нца,
Хууш цхьанхьа дуйла Нохчийн аре-цӏа.
Хууш лаьмнаш лаьттий цхьанхьа, айделла.
Со леллера, пиллиг санна вайвелла.
Амма некъ сан беза бижи эххара,
Дог диллича кху дуьненах, э́хартах,
Лиира-кха, кхин ца хьоьжуш бохчи чу,
Карладаккха не́нан туьйра — Нохчийчоь.