— Воккха стаг, хьайн корта хьуна мехалла бу аьлла ца хетахь, оха хьуна хьоьга дӏа ма дахьалун ахча лур ду-кх хьуна, — элира паччахьан хьадалчаша.
— Шайн корта аша беза лоруш хир бу, шуьга хаьттича-м аса и мах бехан безара шуьгара. Амма сайн коьртан мах аса мел хӏоттийна шуна хууш ду, и мах тоьур бу суна-м шуьгара, — олуш жимма ойлане волуш хьехар дан волавелира воккха стаг. – Аша схьакхайкха хӏокху пачхьалкхехь ӏаш-бехаш болу массо а пхьераш, белхан говзанчаш, цаьрга хатта аша. Цара эр ду шуьга паччахьан самукъадаккхан деза, — хьехар дира воккхачу стага.
Паччахьийн хьадалчийн хьадалчаша ког лаьттах ца кхоьтийтуш сиха балийра пачхьалкхехь мел болу говзанчаш, цаьрга сиха хаьттира цара, хӏун дан деза шаьш аьлла. Воккхачу стагана, цо аьлла болу мах дӏабалан а биц ца белира уьш. И мах бара ши шай.
Пачхьалкхера говзанчашна а тесира кхерамаш пачхьалкхан хьадалчаша, дехарен а бевлира эххар а. Говзанчаш а буьйлира ойла йан, паччахьан самукъадаккха хӏун дан деза. Аьчган пхьеро элира:
— Дера деза вайн веза-воккхачу паччахьана аьчган пхьола дан ӏамон, хӏун хир ду цулла самукъане хӏокху доккхачу дуьненчохь.
Паччахьан хьадалчаш реза ца хилира оцу ойлана, цара сиха эккхийра аьчган пхьар паччахьан коьртачу шахьарера.
— Вайн паччахьана хӏумнаш тега ӏамон деза! – шен ойланах паччахьан хьадалчаш кхетийра бедарш тега хууш волчу говзанчо.
Бедарш теган хууш вериг а эккхийра сихонца паччахьан хьадалчаша.
— Вайн паччахьан сий деш хьалхайоларах говраш хахка йеза! – шена хетарг элира паччахьан говраш йажош волчу ӏуьно.
И ойла тайра паччахьан хьадалчашна, цара дашон шай а делира паччахьан говраш йажош волучунна.
Сихонца схьагулбира паччахьан хьадалчийн хьадалчаша пачхьалкхехь болу дикачу говрийн дай. Хьалхара меттиг йаьккхинчунна лерина совгӏат а кхайкхийра. Паччахь самаваьлла кхаанна метта хӏума а йиина паргӏатваьлча, цунна хаийтира, цуьнан сий лоруш говраш хахка гулбелла пачхьалкхера дика кӏентий хилар. Чӏогӏа реза хилира паччахь иштта самукъадаккха. Цо хастийра шен хьадалчаш, цхьацца тӏоьрмиг буьззина дашо а делира царнна, кхин цхьацца тӏоьрмиг дашо паччахьан хьадалчаша лачкъа а дира.