Воккхачу стага деш долу «хелхар» а гина цецбевлла севцира уьш цхьана ханна. Оцу хенахь царнна тӏевеира паччахьан хьадалчаша кхуза хьажийна хьадалча. Цо массарнна цхьацца дашон ахча а луш тӏедиллира «хелхадовлар». Массо а буьйлира «хелхабовлан». Оцу хенахь воккха стаг садоӏан сецира, амма дукха латтар-м ца хилира цуьнан. «Ловзарах» самукъадаьлла долу вир, цӏаьххьана цӏингаш а кхуссуш дӏатасаделира говраш хахкан кечъйинчу аренгахула, уллохь нисвелла воккха стаг и схьалацан дагахь хиллера, амма, вир сацорах гӏуллакх хир доций хиъна, и вахана вирна кхоссавелла тӏехиира. Лаьттахула текхош воккхачу стеган беха ши ког а болуш дӏатасаделира вир и йерриг а аре схьалоцуш. И сихонца кхиира говраш хахкан кечъйинчу аренгахула го баккха! Эххар а, шена ида кӏордийча, вир а духакхечира, хӏинца-м и дара «говраш хахкарехь» уггар а хьалха даьлларг! Оцу хенахь говрашкара биссинчу «дикчу кӏенташа» деш долу хелхар кӏордийна ӏаш волчу паччахьна гира шен вирахь ша и мох санна чаккхенан сиз хьаькхинчу меттиге схьакхочуш волу воккха стаг. Вир гушшехь вуха а велавелира паччахь. Вир-м и хааделча санна гуттар а самукъадаьлла цхьана меттехь го туьйсуш, ӏоьхуш доладелира, ша ду толам баьккхинарг, ала гӏерташ санна. Паччахьна-м и гуттар а чӏогӏа хазделира, и гӏадвахана велан вуьйлира, бӏаьргах девлла хиш дӏасхьа а хьоькхуш.
Паччахьан хьадалчийн хьадалча веира говраш хахкан баьхкинчу «дикчу кӏенташна» тӏе. Дашон ахчанаш а луш цо тӏедиллира царнна, говраш хахкар. Массо а шайн говрашна тӏе а хевшина дӏатасабелира «говраш хахка». Амма паччахь-м вацара уьш тергалбеш а. И-м хӏинца а вара, воккхачу стагеган вирна тӏе пӏелг а хьежош, воьлуш ӏаш.
12.11.2009 шо.