Хӏинца йолайели-кх хьу́на ткъорш,
Хӏинца ву-кх хьо цӏийнан сонийн тутмакх.
Пеша хьалха цӏарах хеба дорс (Даьккхина дечиг),
Тар а тесна хьийза не́нан урчакх
Хӏинца йуззий латаййелахь пеш,
Хьайн дог дуззий латаййелахь ойла
Кора хьалха мокха йоьлху беш,
Ца лиъне́ра-кх иза гӏийла гойла.
Ца лиъне́ра-кх гӏийла гойла и,
Урамашкахь хьан са де́ха кӏо́тар,
Амма хе́но шийла йассайн
Хьан иллешца йекна хьанний хотеш.
Ца лиъне́ра-кх гӏийла гойла и,
Ше́н куьйгаш тӏехь хьо техкийна на́на,
Амма хено некъ хьан идаби,
Ворда санна, соцур бо́хуш кха́на.
Ца лиъне́ра-кх! Хӏун де́р тӏаккха? Хӏун?
Нисдалар а наггахь маьӏне хилча.
Ахь хьайн даг чу гулде́ хе́нан хӏу,
Сингаттаман о́рам бохбе цӏийца.
Схьахетарехь, де́ха хир ду ӏа,
Схьахетарехь, де́ха хир ду да́хар.
Дерриге а дагала́ца ахь,
Хьайн синпхе́нах боккхуш мисар-ма́ха.
Дагалецам дарба ларий хьайн,
Сица малло, дегалазам бойуш,
Хезар хьу́на маьлхан басахь сай,
Дашо бӏаьргаш бешна хьайга кхойкхуш.
Карладаккхий, цкъа тӏаьххьара, цкъа
Дагала́ца хӏинца аьхна урд ахь,
Малхехь лепа кӏайн кӏир тоьхна цӏа,
Хьан туьйранех хьол а тешна йурт а...
Карладаккхий, латайелахь цӏе,
Дагалецам синан пеша тиллий.
Цхьаллин чиллехь адам дохкден цӏе
Цхьаъ йу хьу́на — бӏаьрхил довха илли.
Йелхарх хӏун ду кора хьалха беш?
Хьан сингаттам малхал цӏена гойла-кх!
Хӏинца йуззий латайелахь пеш,
Хьайн дог дуззий латайелахь ойла.