لَأَرْفَعَنَّكَ إِلَى رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ، وَهَذَا آخِرُ ثَلاثِ مَرَّاتٍ أَنَّكَ تَزْعُمُ أَنَّكَ لا تَعُودُ، ثُمَّ تَعُودُ ! فَقَالَ: دَعْنِي فَإِنِّي أُعَلِّمْكَ كَلِمَاتٍ يَنْفَعُكَ اللَّهُ بِهَا، قُلْتُ: مَا هُنَّ؟ قَالَ: " إِذَا أَوَيْتَ إِلَى فِرَاشِكَ فَاقْرَأْ آيَةَ الْكُرْسِيِّ، فَإِنَّهُ لَنْ يَزَالَ عَلَيْكَ مِنَ اللَّهِ حَافِظٌ، وَلا يَقْرَبُكَ شَيْطَانٌ حَتَّى تُصْبِحَ، فَخَلَّيْتُ سَبِيلَهُ فَأَصْبَحْتُ، فَقَالَ لِي رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ: " مَا فَعَلَ أَسِيرُكَ الْبَارِحَةَ ؟" قُلْتُ: يَا رَسُولَ اللَّهِ زَعَمَ أَنَّهُ يُعَلِّمُنِي كَلِمَاتٍ يَنْفَعُنِي اللَّهُ بِهَا، فَخَلَّيْتُ سَبِيلَهُ، قَالَ: "مَا هِيَ ؟" قُلْتُ: قَالَ لِي: إِذَا أَوَيْتَ إِلَى فِرَاشِكَ فَاقْرَأْ آيَةَ الْكُرْسِيِّ مِنْ أَوَّلِهَا حَتَّى تَخْتِمَ الْآيَةَ اللَّهُ لَا إِلَهَ إِلا هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ وَقَالَ لِي: لا يَزَالَ عَلَيْكَ مِنَ اللَّهِ حَافِظٌ، وَلَنْ يَقْرَبَكَ شَيْطَانٌ حَتَّى تُصْبِحَ فَقَالَ النَّبِيُّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ: "أَمَا إِنَّهُ قَدْ صَدَقَكَ وَهُوَ كَذُوبٌ، تَعْلَمُ مَنْ تُخَاطِبُ مُنْذُ ثَلاثٍ يَا أَبَا هُرَيْرَةَ ؟" قَالْتُ: لَا، قَالَ: ذَاكَ شَيْطَانٌ" رواه البخاري [(5010)].
Аб́ ХӀурайрас (Алла́хӀ ре́за хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Алла́хӀан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рамада́н баттахь гулдина саьхьаш Ӏа́лашдар тӀедиллинера су́на. (Цхьа хан йаьлча,) со волчу цига а веана, ка́нашкахь шена дуург схьаэца вуьйлира (цхьа стаг). Ткъа аса, схьа а лаьцна, цуьнга э́лира: «Боккъалла а, аса хьо Алла́хӀан элчанна (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тӀевуьгур ву!». Цо э́лира: «Бакъдолуш, къен стаг вара со, (дуккха а) бераш дара сан, чӀогӀа таро йо́цуш вара со!». ТӀаккха аса дӀахийцира иза. ТӀейогӀучу Ӏуьранна Алла́хӀан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира соьга: «Ва, Абу́ ХӀурайра! ХӀун дира оцу хьан йийсархочо селхана?». Аса жоп делира: «ХӀай, АллахӀан элча! Хьашт хилар далхийра цо, шен (дуккха а) бераш хилар а, тӀаккха аса, къа а хетта, дӀахийцира иза».