Хьо чу кхайкха таро йац сан —
Лаьхьа бу хьо.
Хьо хӏаллакба бакъо йац сан —
Хьа́ша ву хьо.
Маслаӏат йа зулам дац вайн —
Маьрша бу хьо.
Хьо дӏагӏолахь, сан до́занах балий, хӏинца.
Амма хаа, саьрмик хилла йухабагӏахь,
Йуьртан шовда дехка хьу́на дагада́гӏахь.
Йукъаметтиг къастор йу вай тӏаккха цӏийца.