Цул тӏаьхьа, ворхӏ башломана тӏехьа иккхина, Ченлергах кхераделла ешап.
Эло лелорг хиинчу Ченлерга цуьнга аьлла:
— Хьан цӏа чохь йиъначу сискалан а, тӏеюьйхинчу бедарийн а юьхь ца яхьара, хьан корта схьа а баьккхина, оцу хьокханах буллур бара аса. Со хьоьца кхин ӏийр вац, — аьлла, хьуьнах дӏаволавелла Ченлерг.
Ша лелийнчунна дохковаьлла, Ченлергана тӏаьхьа а ваьлла, дехна эло:
— Ма гӏахьара хьо, хӏинца цхьаьна дика ӏийр дара вай, — аьлла.
— Хӏан-хӏан, цкъа ямартло яьллачу меттехь ӏалур вац со. Дӏавоьду со, — аьлла, вахана оцу хьуьнчухула лелаш, цхьана кхаа стагана тӏе кхаьчна Ченлерг.
— Ассалам ӏалейкум! Хӏун нах ду шу? — аьлла, хаытина цаьрга Ченлерга.
— Ва ӏалейкум салом! Обарг нах ду тхо, — аьлла цара.
— Со а ву-кх обарг, — аьлла Ченлерга.
— Делахь, цхьаьна ӏан деза-кх вай, — аьлла кхаа стага.
Царах а кхетта, цаьрца ӏаш хиллаЧенлерг. Цхьана дийнахь, цхьаъ цӏахь а витина, вуьйш талла бахана, шайца Ченлерг а волуш.
— Тхо цӏа дахкале, жижиг а тасий, галнаш а яй, ӏелахь, — аьлла, цӏахь висинчуьнга.
Жижиг а тесна, галнаш а йина, хӏара ӏаш волчу хенахь:
— Хӏей! — аьлла арахь цхьаммо.
— Вай! — аьлла, араваьлла хӏара стаг.
— Ассалам ӏалейкум! — аьлла, астагӏчу пхьагална тӏе а хиъна, веанчу астагӏчу наьрто- орстхочо.
— Ва ӏалейкум салом! Восса охьа, — аьлла цӏийн дас.
— Вуссур ву дера со-м, ахьа восса аьлча а, ма восса аьлча а, — аьлла, охьавоьссина, чувахана, охьахиъна астагӏ наьрт-орстхо, шен астагӏчу пхьагалца цхьаьна.
Галнаш схьа а яьхна, жижигах пхи дакъа деш цӏийнда воллуш, хӏусамдега наьрт-орстхочо хаьттина:
— Хьо хӏун деш ву? — аьлла.
— Дӏавахнарг кхоъ ву, вайша шиъ ву, пхи дакъа дора аса-м, — аьлла бухарчу стага.
— Хьан пхи дакъа-м ца хаьара суна, — аьлла, катоьхна схьалаьцна, пхьагалан цӏоганах мерз а баьккхина, таПийна юккъерчу бӏогӏамах дӏавихкина цо цӏийнда. Тӏаккха схьаэцна жижиг-галнаш кхаьллина дӏа а яхийтина, айббина чорпин яй тӏе а мелла, шен астагӏчу пхьагална тӏе а хиъна, ваьлла дӏавахаана астагӏ наьрт-орстхо.
Цӏийнда дӏаветтавелла, схьаветтавелла, халла васта а велла, яй а биллина, цӏа чу нуй а хьаькхна, юха цӏе а латийна, яй а оьллина, дӏавижина. Талла баханарш, Ченлерг а тӏехь, цӏа баьхкина.