Нохчийн аре лаьмнех хадо гӏертар санна, хета су́на Азех Европа къасто гӏертар а...
Азиний, Европиний йуккъехь вина волчу де́н цӏий хуьйдда Европин лаьтто, цуьнан хьацар хуьйдда Азин лаьтто.
Су́на ца хаьа, сан да́ кхелхинчу дийнах Нохчийн ареной, лаьмнаший вовшашка кадам муьлхачо хьаьнга бира.
Ӏаьмирко Азина атомни бомбанаш тоьхначу дийнахь Европин бӏаьргех даьлла хи гуш санна хета су́на, лаьмнех стаг кхаьрдича, лаьмнашкахь йина йолчу, Нохчийн аренгахь йе́хаш йолчу сайн не́нан бӏаьргех даьлла хи гуш.
Сан ворхӏалгӏа да́ Азехь йа Европехь, лаьмнашкахь йа аренгахь вина ву ца хаьа су́на, амма ас нохчийн илли о́лучу хе́нахь уьш сох кхетийла хаьа.
Сан на́нас аренгахь йеттинчу сискалан а, сан де́на Европехь йеллачу мидалан а цхьа бос бу - маьлхан бос.
Аренгахь вина волчу су́на и малх ло́махь гина дуьххьара, Азера Европе боьдуш.
Сан де́н барма эцна боьлхучу на́хана тӏаьхьа, бӏаьрхиша берзина когаш а багош со ведда воьдучу дийнахь Азиний, Европиний йуккъехь ӏуьллучу тхан кӏо́тарахь и малх цкъа сецнийла а хаьа су́на, коьртах куьг а хьаькхна тевина, сан дог е́ца гӏерташ.
Ло́махь ве́хаш волу ше́н кӏант волчуьра цӏа йо́гӏуш йолу тхайн де́на́на гуш санна хета су́на, хӏо́ра дийнахь и малх гуш.
Нохчийн аре лаьмнех ха́до гӏертар санна хета су́на Азех Европа къасто гӏертар а.