Цхьо́гал
— Эхӏ-хӏай, ма дика гӏуллакх ду и, — бо́ху цхьо́гало, — амма, хьу́на-хьайна хаьа хир ду-кх, теш ца хилча цхьа́ а къийсам чекх ца бо́лий, цунде́ла со теш дигахь, со хьоьгахьа хир ду, ткъа ахь су́на уьстагӏан чоко а, когаш-корта а лур бу.
Борз
— И дан мегар долуш хӏума ду, схьадола соьца — аьлла, жоп делла барзо.
Борззий, цхьо́галий бай болчу кхаьчна, тӏаккха барзо кане хаьттина:
Борз
— Тӏаккха, дийцал, хӏинца а хьайн жаӏун бу бо́ху ахьа хӏара бай?!
Ка
— Де́ра бо́ху, — э́лира кано.
Цхьо́гал
— Э-э-э, ка, эхь ца хета хьу́на аьшпаш битта! — бехк боккхуш э́лира цхьо́гало, корта а техкош. — Дукха хе́нахь дуьйна массарна а хууш ма ду хӏара бай, кхин цхьаннан а бо́цуш, берзан буй.
Ка
— Хьу́на хьаьнгара хезна и? — хаь́ттина кано.
Цхьо́гал
— Хьаьнгара хезна бо́хург хӏун ду?! — цецъдаьлла, мохь хьаькхира цхьо́гало.
— Хьайна луучуьнга ха́тта мегар ду хьу́на, и массарна а хууш ду. Су́на дагадо́гӏу, дукха хан йу и хилла, со жима долчу хе́нахь, сан да́с-на́нас кест-кеста къамел дора кху байх лаьцна. Кхе́чу меттигашкахьчул, берзан бай тӏехь долу дехкий дерстина даттӏа дохкуш хуьлу, о́лура ца́ра. Тӏаккха ца хаьа хьу́на, нагахь хӏара бай жаӏун белахьа́ра, ца́ра цунах берзан бай э́р ма да́цара.
Ка
— Дика ду делахь! Дуй буий ахьа, айхьа дуьйцург бакъ ду, аьлла? — хаьттира кано.
Цхьо́гал
— Ой, де́ра буу, — э́лира цхьо́гало.
Ка
— Дика ду. Оцу коьллаш йуккъе цхьа ког а хӏотта бай, а́ла: аса дуй буу (Де́лаца), хӏара бай берзан бу, — аьлла кано.
Цхьо́гална, коьллаш тӏе йолалушшехь, цу йуккъера къега ши бӏаьрг гина, тӏаккха сихха йуха а йирзина, гено а йаьлла, йоьхна а хьоьвзина, аьлла цо:
Цхьо́гал
— Бакъ дерг аьлча, су́на схьахетарехь, сан да́с-на́нас цу байх лаьцна дечу шайн къаме́лехь уьстагӏах лаьцна а хьахийра… Билггал а́ла ца хаьа су́на, хӏара бай хье́нан бу, цунде́ла къа тӏе ла́ца ца лаьа су́на, дуй а бууш. Нагахь барзо дуй баахь, аса а буур бу-кх.
Борз
— Хьу́на хӏун моьтту, — аьлла, оьгӏазйахана чутасайелира борз, — хьо санна кхоьруш йац со, аса буур бу дуй!