Бо́данан шал белшех хьарчийна,
Базбелча къастаран ба́ла,
Це́рпоштан чкъург харц ца карчийта
Доӏанаш дийр ду-кх ахь, на́на.
Хьайна ца девзачу бӏешаре,
Хьайн Де́ле, дикачу на́хе,
Буьйсане, беттаса э́шаре
Со воьхур ву-кха ахь, на́на,
Ца хууш хьайн бӏаьрхин де́кхаро
Ца вуьтий со паргӏатва́ла,
Ца хууш хьайн цӏенчу дехаро
Байбойла къастаран ба́ла.
Бо́данан шал белшех хьарчийна,
Базбелча къастаран ба́ла,
Цӏерпоштан чкъург харц ца карчийта
Доӏанаш дийр ду-кх ахь, на́на.