Стайн муьттах ӏе́наш йу Нохчийчохь гуьйре,
Дӏанисдеш, дӏашардеш тӏаьххьара гунаш,
Ас хоьттуш: «Ва ӏуьйре, адаман ӏуьйре,
«Хӏун дахьаш йеъна хьо? Дийцахьа су́на».
Ткъа жоп а хеза-кха, ӏуьйре йистхилча:
«Де́къала хуьлда-кха веънаверг ва́ха,
Ловчунна хӏумма а дац хьу́на ирча,
Адамо кхоьллинарг ду хьу́на да́хар».
Цхьа синаайаме дуьненна, ханна
Герггара малхо а боьллу ше́н бӏаьргаш.
Мел велларг, мел вайнарг цӏа веъча санна,
Тишйелла на́на а хьоьжу сан бӏаьра.
Дӏо́ орцан хьаннашкахь дохкк санна, дов-кха
Сан дагалецамехь мел хилла зе́наш.
Миччара гӏовттахь а, миччара дахь а,
Ирсана хилле́ра сан некъийн зераш.
Со цунах кхе́тарна воккхаве хӏинца,
Малх санна, йурт йолуш, гӏелвелча товжа.
Мел миска хиллехь а ас лехна рицкъа,
Дуьне а дохдеш йу сан не́нан товха.
Цкъа Азехь на́халахь коьртах а ваьлла,
Сан де́дас лийринарг ба́цахь а кхерч сан,
Кхузахь со иллица билгалаваьлла,
Кху лаьтто йохйо сан вежарийн берчаш.
Кху лаьттахь (доллучул коьрта и ла́ра)
Де́н чурт ду — сан некъийн зератан хӏолла́м.
Ас мацах чӏагӏдина, цӏе йо́цуш варах,
Цуьнга на кхо́чудерг илли ца кхолла.
Ца кхолла пачхьалкхан, дуьненан цӏарах
Дош а, шех кхардодерг кху лаьттан динберг
Чекхдо́лий за́манан чилланах, цӏарах,
Хӏоккхузахь охьало сан хилларг, хиндерг.
Хууш ву со хӏокху ла́маройн кӏа́жехь
Хӏиттиний кхелана дуьненан майда.
Мел чӏо́гӏа гӏертарх а Европехь, Азехь
Курачу шахьаршкахь дӏадаьлларг кӏайда.
Хууш ву со, эзар тукхамийн цӏарца
Дуьненан шад хилла, лаьттина а́гӏо
Тахана йуха а де́къала барца
Сан синна карайой бӏешерийн чӏа́гӏо.
Хууш ву — и хаар хилла сан ӏуьйре,
Кхуззахь малх болабеш мел ве́хачунна.
Стайн муьттах ӏе́наш йу Нохчийчохь гуьйре,
Гечдина кху лаьттахь мел хиллачунна.