Жонсаркъий Шуна дика дийцарг, диканца дукха шу да́харг, мацах-мацах э́ла Тепсаркъий, Жоьра-Бабин Жонсаркъий бо́хуш, ши жима стаг хилла цхьана йоӏана тӏехьийзаш.
— Ахьа Жоьра-Бабин Жонсаркъа дӏа а вихкина, су́на йездарин коч йахьахь, со хьоьга йо́гӏу́р йу, — аьлла и шиъ тӏехьийзаш йолчу йоӏа э́ла Тепсаркъе.
Йоӏана хьалха доккха дош а дийцина, Жьора-Бабин Жонсаркъа волчу вахана э́ла Тепсаркъа.
— Жоьра-Бабин Жонсаркъа, ва́ла, хӏонсе гӏой вайша? — аьлла цо.
— Со-м ца во́гӏу, э́ла Тепсаркъа, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, — тӏейоха бедар а йац, тӏехаа говр а йац, йукъах дӏадехка герз а дац сан.
— Тӏехаа говр а, тӏейоха бедар а, дӏадехка герз а ас лур ду хьу́на, — аьлла, хьовзийна иза э́ла Тепсаркъас.
Тӏехаа говр а, тӏейоха бедар а, йукъах дӏадехка герз а делла, Жоьра-Бабин Жонсаркъа шена улло́ ваькхкхина, волавелла э́ла Тепсаркъа.
Йуьртах бовлале, Жоьра-Бабин Жонсаркъа тӏехиина йолу говр, букъ а кагбелла, охьа а кхетта, йелла.
— Хӏан-хӏа, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, — вай дахаза ца ӏаш делахь, сайна мел оьшу хӏума, айса кечйийр йу ас.
Цул тӏаьхьа, йуха а бирзина, цӏа бахана уьш. Хьалха ше́н да́с йухуш хилла бедар а йуьйхина, цуьнан хилла герз а дихкина, ше́н де́н хиллачу гилана тӏе нуьйр а тиллина, кечвелла Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
Дӏабоьлхуш-боьлхуш, цхьана дуьнен тӏехь хӏорда йисте кхаьчна уьш.
— Э́ла Тепсаркъа, хӏорда чу гӏу́р ву хьо, йа хӏорда тӏехь ӏийр ву хьо? — аьлла, хаьттина Жоьра-Бабин Жонсаркъас, ше́н на́къосте.
— Со хӏорда тӏехь ӏийр ву, — аьлла, жоп делла э́ла Тепсаркъас.
— Со йуха хьалатӏеваллалц, хӏокху хӏорда йистехь ӏелахь, — аьлла Тепсаркъе, Жонсаркъас, — со лийр велахь, цӏаста санна цӏен чопаш тӏейоьвр йу хьу́на хӏордана, тӏаккха хьо ма ваддало, вадий, ге́на ва́лалахь; нагахь санна со ца леш вуьсуш хилахь, ло санна кӏайн чопаш тӏейоьвр йу хьу́на хӏордана, тӏаккха со йуха хьалаво́лий хьажалахь.
И къамел а дина, хӏорда чу вахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
Жоьра-Бабин Жонсаркъа хӏорда чу вахана шолгӏа кӏира дузучу хе́нахь, цӏаста санна цӏен