Делахь а, цкъа хьалха, хӀуъу делахь а, и макрель эрна бан ца байта, бара а берина, жимма баа беза ас, дегӀе ницкъ бало.
Цкъа хӀинца жимма садоӀур ду ас, тӀаккха, нагахь иза, кхин карзах а ца болуш, тийна хилахь, оцу гел-барзалх долчуьнца цхьалхо йаккха йеза. Цкъачунна ладугӀур ас кхуьнга, цхьа а хийцам хуьлий а хьожуш. Оцу пийсакех и гел-барзал йан дага-м дика деара суна. Делахь а, хӀинца цхьажимма шеко йолу хӀума дан ца деза. ХӀуъу бахахь а, онда ницкъ ма боллий цуьнгахь хӀинца а. И мӀар цуьнан багана йистте тасабелла гира суна, цундела бага чӀогӀа къевлина латто дезар ду цуьнан. МӀаро ден таӀзар-м кӀадда а дацара цунна. Мацалло гатбар а, цу тӀе а, шена хиллачух ца кхеташ, кхерабелла Ӏадор а ду цуьнгара къиза Ӏазап. Йал йе ахь, воккха стаг, цо хӀинца-цкъа къахьоьгур, тӀаккха хьан рагӀ а тӀекхочур йу».
Шен хьесапехь, цхьана-шина сохьтехь садаьӀна хир дара цо. Бутт тӀаьххьалц ца гӀоттура хӀинца, цундела хенан хьесап доьхнера цуьнан. Йа садаӀаро дегӀана йал ло олийла а ма дацара, делахь а, дӀадаьллачуьнца дуьстича, жимма бегӀийло хетара-кх. Оцу чӀеран мохь хӀинца а ги а боьллина вогӀура иза, амма шен аьрру куьг гӀикхан меран дукъа тӀе а гӀортийна, шена чӀеро йо дуьхьало мелла а гӀикхна тӀейазийна цо.
«Ма дика хир дара, хӀара леска оцу гӀикхах дӀайехка йиш хилча! — ойла йора цо. — Амма, цо цӀеххьана дӀатохахь, хедар йу иза. Цундела, хӀокху сайн дегӀах оцу лескина миндар а бина, ван деза сан, оьшучу хенахь леска дӀа а хоьцуш».
— Ткъа набаран суй а ма ца бина ахь, воккха стаг, — элира цо барта. — Ах буьйсий, тӀаккха цхьа дей, йуха тӀаккха а ах буьйсий дӀа ма йаьлла, ахь набаран суй банза. Цхьажимма набаран моха йан таро йан йеза, хӀара паргӀат болччуьра. Нагахь наб ца йахь, эсана сема хир вац хьо.
«Иэс-м дукха сирла ду сан хӀинца а, — элира цо ша шега. — Дера ду. Сан вежарий-седарчий санна, сирла ду-кх сан эс. Делахь а, наб йан йеза ас. Цара а ма йо наб, батто а, малхо а йо, ур-атталла хӀордо-м йо наггахь наб, хиидар а сецна, тийналла йолуш».
«Жимма тевжина а, дӀатовжа веза, — ойла йора цо. — ХӀуъу дай а, наб кхетийта, оцу лескица цхьа атто пал а бай. Амма цкъачунна оцу макрелах дерг къасто деза. Нагахь хьо набйан воллуш велахь, хӀинца пийсакех гел-барзал йар кхераме хир ду».