— Борз у́гӏучу коьрте́хь ве́хаш ворхӏ ваша ву, шайлахь воккхах волу ваша Вуьсу, наьрт-орстхойн санна, ницкъ болуш а волуш. Царна тӏехьажаве ахьа наьртхо, цигара дийна вухаво́гӏур вац хьу́на иза. Ахьа цуьнга а́ла: Тинин Вуьсин мекхан чо боцуш ма́ха а латац, цуьнан не́нан Селасатан тукарций бен сан вежарийн цӏоканаш а йаралур йац. Вуьсгӏар вуьйр ву хьу́на наьрт-орстхо.
Ша́ вижина кӏира ма кхеччинехь, наьрт-орстхочо самаволлушехь, йоӏе хаьттина:
— Йина йаьллий хьо сан бекх? — аьлла.
Йоӏа шена йоккхачу стага ма хьеххара жоп делла:
— Борз у́гӏучу коьрте́хь ве́хаш волчу Вуьсин мекхан чо ца хилча, ма́ха латац, цуьнан не́нан Селасатан тукарций бен, цӏокарчий йаралац. Уьш йахьаш ва́гӏахьа́ра хьо. Тӏаккха йийр йара аса хьу́на кетар,— аьлла.
Наьрт-орстхо, йоӏа шега ма дийццара, цунах а тешна, Вуьсу ве́хачу метте́ вахана.
Цу за́ман чохь Вуьсу хилла, шен жимах волу ваша гӏароле а хӏоттийна, вукху вежаршца ниха а муьйлуш, сакъоьруш ӏaш.
Bóгӏyш волу наьрт-орстхо гергакхо́чуш бӏаьрг кхетча, гӏаролехь лаьттачу жимах волчу вашас, вахана чу а иккхина, Вуьсега аьлла:
— Цхьа зоьртала стаг ву во́гӏуш, чувоуьйту иза йа тоьхна йухаверзаво? Вуьсус аьлла:
— Хьайга цо хаьттинчунна дуьхьал жоп а ца луш, мозанал башха те́ргал а ца веш, вита, чу а ваийта.
Веана тӏекхаьчначу наьрт-орстхочо салам делла. Гӏаролехь лаьттачу кӏанта тергал а ца веш, букъ а тоьхна, витина.
Наьрт-орстхо чувахана. Ша́ чу ма веллинехь, чуьрчаьрга а салам делла наьрт-орстхочо.
Бела а буьйлуш, шайн ниха а муьйлуш, сакъоьруш ӏаш болчу. Бухарчара а, шайна хӏумма а ца гуш, ца хезаш санна, бист а ца хуьлуш, тергал ца веш, витина иза.
Бухахь болча́ра бист а ца хуьлуш, ша тергал а ца веш кеп хӏоттийча, ре́завоцчу наьрт-орстхочо бехк баьккхина цаьрга:
— Шу санна адам дара со, шайга салам делча, ша́ тергал а ма ца во, салам дӏа а ма ца оьцу аша!? — аьлла.
Тӏаккха хьалагӏаьттинчу Вуьсус аьлла:
— Бехк ма биллалахь тхуна, хьо ца гуш ӏapa тхо, цхьа моза-хӏума йеана хир йу-кх кху чу, бо́хуш. Тхо хьовса, хӏун гӏуллакх дара хьан? Наьрт-орстхочо ша́ тӏедеана гӏуллакх дӏадийцина: