Кӏо́тарахь а́хархо дӏавуьжу хан
Кхайкхайеш, цхьа жӏаьла лета.
Цхьа илли, цхьа илли де́кхар ду сан,
Доттагӏа, хьо цунах кхе́та.
Адамийн хьацаран бос эцна кан
Беттаса бӏаьргаш чохь леца.
Цхьа илли, пхьа илли лазам бу сан,
Доттагӏа, со цунна лела.
Кӏо́тарахь а́хархо дӏавуьжу хан
Де́къалйан, дуьненан ме́ха
Цхьа илли, цхьа илли да́хар ду сан,
Доттагӏа, со цунна ве́ха.