Салташа хьалха санна бен-башхалла доцуш герзаш ца кхуьйсура. БТРаш а йацара хьалха санна, хьерабевлича санна некъатӏехула хоьхкуш, «Жигулешна» тӏе а йетташ. Минаш-м йара хӏинца кхин а йехха кхерамтуьйсур болуш аренашкахь луьрачу тӏамо йитина. Делахь керла дахар дара Нохчийн махкахь долалуш. Жимчу Халидан и керла машарен дахар доладелира керлачу бослепачу вилспетаца!
2005 шо.