Хьалхале́рачу за́ман чохь ӏаш-йе́хаш хилла, бо́ху, цхьа хӏуттут, шен кхаа кӏорница. Цкъа на́на-хӏуттут цомгуш хилла. Йаахӏума йан а, хи да́ а цхьа́ а во́цуш, ӏуьллура хӏуттут, кӏорнеша на́на тергалйеш а ца хилла.
Тӏаккха хӏуттуто аьлла йоккхах йолчу кӏорнега:
— Со хьагйелла, хи, да́хьа су́на мала!
— Ов-вай, ма шийла йу а́рахь, су́на хала хир ду хи да́н! — аьлла, дуьхьало а йина, не́нан де́хар кхо́чуш ца дина кӏорнино.
Вукха шина кӏорнега де́хар дина хӏуттуто, ца́ра а, цхьацца бахьана а хӏоттийна, хи ца деъна.
Тӏаккха шен мел болу ницкъ а гулбина, шен бен а битина, тӏо́ма а йаьлла, дӏайахара хӏуттут. Шаьш на́на а йо́цуш дисинийла хиъча, кхо кӏорни мохь хье́кха йолайелла:
— Ва́, на́на, йухайерзахьа! О́ха хи а дахьар ду хьу́на, йаахӏума а йаор йу, массо а хӏуман тӏехь гlo а дийр ду, дӏа ма гӏохьа!
Амма хӏуттут йуха а ца хьожуш, дӏайахара. Оцу хе́нахь дуьйна кӏорнешна шайн да́-на́на а ца доьвза, де́на-нанна шайн кӏорнеш а ца доьвза. Ур-атталла шен xloaш а хӏуттута не́хан бен чу дохку