Цхьана дийнахь гӏарагӏулино цхьо́гале аьлла:
— Хьажахь, цхьо́гал, сан массо а кӏорни дайна, ткъа хьан кӏе́зий, шайна ижу́ а лоьхуш, даккхий хилла. Вайшиъ хӏун деш ӏа чу а хиина? Цхьажимма дуьне́не́ бӏаьрг тоха йаха йеза вайшиъ, дуккха а хаза хӏуманаш гур ду вайна.
— Стенга гlyp ду вай? — хаьттира цхьо́гало.
— Стигала хьаладоьвр ду вай, — жоп делира гӏарагӏулино. Гӏаддаххана деладелира цхьо́гал:
— Ой, со хьала муха до́лу стигала? Сан тӏе́маш ма дац.
— Хьан цахиларх, сан ма ду, — аьлла гӏарагӏулино. — Tӏexaa су́на, цхьаьна стигала хьаладоьвр ду вай!
Дукхе-дукха хазахетта, тӏетайра цхьо́гал цо бо́хучунна: чӏо́гӏа лаьара цунна, стиглахь хӏун ду хаа. Гӏарагӏулина цхьо́гал тӏе ма хиъинехь, цо шен де́ха тӏе́маш дӏа́са а даржийна, и шиъ стигала хьаладаьлла. Вуно лакха хьала а йахана, цигахь хаьрццина тӏекӏалъйаьлла гӏарагӏули. Цунна тӏехь долу цхьо́гал, хеца а делла, охьадо́гӏуш хилла.
Цунна улло а йеана йогӏучу гӏарагӏулино хаьттина:
— Цхьо́гал, во́, цхьо́гал, хӏун гира хьу́на стиглахь? — алла.
— Эээ, гӏарагӏу́ли, — жоп делла цхьо́гало, — стиглахь дуккха а хаза хӏумнаш дара, амма цхьаъ вон ду — схьала́ца, тасадала хӏума йац цигахь!
— Ахь хӏун дуьйцу! — аьлла гӏарагӏулино. — Хӏун дийр ду тӏаккха, массо а хӏуманна а Де́лан лаам бу-кх! Де́лан лаамца къиссалур дац. Да́лла диначунна ре́за ду-кх!
Цхьо́гал лаьттах а кхетта, делла.
Иштта бекхам бина гӏарагӏилино шена тешнабехк биначу цхьо́гална.