Рамзан-м вацара нанасдуьйцучуьнга ладугӏучохь: стенгара баьллехь а, карабеъначу жимчу сарагца дуьххьара сийначу байтехь схьакъаьрзинчу можачу Баьппа-зезагца хазалла къовсуш болу можа полла уьйтӏе ма-йу лаьллина лелаш вара кӏант-м.
- Ой! Схьавола ца боху аса хьоьга! Со оьгӏаза ма йахийта! – собар кхачадалар хоийтура нанас.
- Хи-и, хи-хи! – бохуш воьлуш поллана тӏаьхьа уьдура жима кӏант, нанас дуьйцург цхьа лерг ухьуш, ша сема велахь а.
Ша цхьамма шен кӏант кхобуш йоллучу жимчу зудчо наггахь, собар а кхачадой, хӏинца кӏентан карахь бериг санна буткъа сара узура кӏентан настарех. Жима хан йукъайалале йуха ша а ӏара нана даккхийра бӏаьрхиш а эгадеш. Жимчу дегӏахь йара жима зуда, цӏера арадаьхначохь мацалла а, хало а лайна хилар дара цуьнан бахьана. Хӏокхеран дех йисначу кертахь даьтта санна хьеначу латта тӏехь-м дӏайийна хӏума хьекъана тӏейолура. Ша жима йоӏ йолуш лайна мацалла дага а оьхуш, хьанала къахьоьгура Зийнас хӏинца шен кертахь: хьаьжкӏа, кхоь, цӏазам – ца лелош хӏума йацара цо.
Кестта, жимма воккхахилча, накъост хир вара нанна жима кӏант Рамазан, амма хӏинца а дукха жима вара и нанна улло а хӏоьттина гӏодан. Делахь а нанас бохург а ца дина, ша и йелха йича, шен настарех кхетта сараг а бицлой, цунна улло а воьдий, цуьнан пхьарс шен кегийрачу беран куьйгашца мара а къуьйлуш тебий ӏара.
Цӏаьххьана ловзаваьллачу кӏанта лестош болу сараг кхийтира поллана, хьаьвзина жима можа кема санна тӏекӏела а буьйлуш, можачу Баппа-зезагна улло буьйжира и.
- Э-хӏей! – экха дожийначу иччархочун цӏогӏ хьоькхуш чухьаьдира жима кӏант бацалахь лазоро къиза хьовзийначу поллана.
«Экха» метта а деъна тӏома а даьлла шех дедда кӏелхьара даларна кхеравелла «жима иччархо», айдинчура шен «герз-сараг» охьа ца дохийтуш, кхин а эшахь тӏетоха кийча волуш теббина улло вахара поллана. Чевно лозийна ницкъа эшна делахь а, шена чов йина мостагӏ улло веъча цунах кхерабелла делахь а, полла тебаш дӏатийра. Шена «экхано» дьухьалло йийра йу моьттина тӏемлочун дог-ойла йолуш тӏевеъна жима кӏант цецволуш соцунгӏа а хилла висира. Буйнахь айбина лаьтта сараг, буй бостуш, охьабахара, улло бацала охьабуьйжира.