Рамазан гӏарол санна агана улло дӏахӏоьттинчохь а висира.
Дуккха а лаьттира кӏант агана уллохь. Жима Ражап шен вешига а хьоьжуш «Н-нга, нга!» бохуш шен хӏинцца тӏейала тохаелла цхьа церган йуьхк а гойтуш хабарш дийца гӏертара.
- Ахьа хӏун боху? Ца кхета со, - улло а хилла тӏевогӏавелла хьоьжура Рамзан агана чохь ӏуьллучуьнга.
- «Н-н-нга!» - велакъежара Ражап-м, шеца ваша къамеле валарх вокхавеш.
Амма кестта иштта деш долу хабар а кӏордийра Ражапна. Цунна вешица ловза лаьара. Агана чухчанашца дихкина долу куьйгаш мукъадаха тохавелира и. Хаалора чухчийн стомма памбархатан кӏадийна бухахь цо меттахдоху куьйгаш.
Резавоцуш шен «Н-н-г! Н-нн-га!» - элира Ражапас шен вешига.
Ража, хьо жима ма ву, ӏадӏилла хьайн агана чохь вижий. Хьан куьйгаш мукъадаха йиш йац. Хьуна оьшуш хӏума а дац. Аса хьуна цхьанге вон хӏума а дойтур дац. Хьо жима волундела, хьо ларош лаьтташ ма ву со, - жимах волу ваша кхетон гӏертара Рамзан.
- Ражапас цхьана ханна сацийра, аганан йийсарах валан гӏерташ, ша латтош болу къийсам. Велан къежира и йуккъехула шен мотт ӏамаза долчу кегийрачу берийн, деккъа цӏена дешан дакъойх лаьтташ болу, мотт а буьйцуш.
- Ма кхера хьо цхьана а хӏуманах, со ву хьуна уллохь, йоккха борз йагӏах а, аса хьуна хӏумма а дойтур дац! Аса сайла а кегийранарш ларон беза боху нанас, хьо а, полла а, кегийра синтарш а. Тӏаккха сох воккха хилча, къонах хир ву боху нанас, - кӏант кхетош къамел дора Рамзанас вешига, тӏехула куьйг а даьккхина и хьостуш.
Амма, шен амал йолуш волчу Ражапана сиха кӏордийра шен вешин хабарш, шен ма-доггаха ши куьйг мукъадаккха гӏуртуш, озавелира и. Вешина тӏе мохь а хьаькхира шена хуъучу кепара.
- Ахьа дов дахь а, куьйгаш схьадастан йиш йац, Ража! Нанас ма даста аьлла, - машарен къамел дан гӏертара Рамазан.
Ражапас йух-йуха а хьала ийзадора аганан чухчана бухара куьйгаш. Рамзанас гӏийла тахкадан долийра ага, шен хуучу агӏора йиша лакхаран кеп а хӏоттош. Ражапна тайра шен ага тахкадар, цул совнаха цо-м Рамзанан эшарна тӏаьхьа мукъам балош, ша а локхура йиша, цхьана-шина мукъачу элпах вовшахтоьхна бен и йацахь а. Жима Ражап вешин а, шен а эшаро ӏехаван вуьйлира, цунна мела наб озийра.