Жӏаьлеша йаа хьо, на́баран гӏовла,
Ма карзахдевли хьан самеца гӏе́наш!
Да́ велла йиса хьо, чо́меца ойла,
Ма карзахйе́ли хьо хан йоцчу хе́нахь!
Вайн да́хар-м моз дара, ша́ даа хиъча,
Хьаргӏанан стимал ша́ къахьлахь а наггахь.
Синтем а хир бара, лехамаш тийча,
Цхьаболчу на́хана мегашдерг магахь.
Ткъа со-м ца мегийца, хӏун ду а хаан,
Со сайна ца вевзаш, йуха а гӏаттар,
Со сайна ца мегаш, са-гӏо́ра хаддалц,
Бӏарзвелла дӏаэхар, тилвелла латтар.
Сан куьйгех-м гӏоьмаш дац — тутмакхан духар
Ткъа хӏунда тарло те́ тангӏалкхех дитташ?
Хӏо́ра а корера схьа тоьпаш ту́хуш,
Со ва́ла доьгӏна те́, данзадерг дитна?
Хир ду и ӏуьллур вац шийлачу лайлахь,
Дӏавовр ву, кӏур хилла, бӏешеран кийрахь.
Кӏо́тархой-м хьуьйсур бу, ца хууш тайна,
Мила ву адаман синтемо вийнарг.
Кӏо́тархон-м ӏохкур бу ца хууш шайна
Илланча леш вуйла хӏо́ра а буса,
Хӏо́ра а буьйсанна, цхьаллин хьу лайна,
ӏожаллех во́лий и меца са дуза.
Кӏо́тархой-м ӏохкур бу хан йоцчу хе́нахь,
Ца гуш сан гӏевланга хӏоьттина бӏешо.
Чо́меца ойланаш, самеца гӏе́наш,
Шух хила доьгӏна хир-кх дуьненан э́шарш!