«Къанйаллалц йаьхна кхерч
Дӏатаса атта дац», – бо́хуш,
Хьо йе́ха лаьмнашкахь, –
Йаьхначу, кхиъначу йуьртахь;
Ге́нара, гергара
Некъ эцна хьа́ша-да́ во́гӏуш,
Комаьрша, дог цӏена
Хьа́ша тӏеэцначу кертахь.
Мел хаза хан йара –
Да́харехь йицлойла до́цуш:
Цхьатерра, хи санна,
Барт болу доьзал а кхиъна
(Денош-м дӏадоьдура.
Йист йо́цу марзонаш оьцуш).
Да ӏара там хилла,
Уьйтӏарчу дитта кӏел хиъна.
Шун бе́рийн куьйгашца
Хьа́нала къинхьегам гора,
Йахь-гӏиллакх, сий-ла́рам –
Уьш дара дегнашца лелаш.
Да́харехь хьаштхинде́рг
Да́с, на́нас бе́рашка лора,
Хьехамийн аз гӏиттош,
О́лура: «Варийлаш, бе́раш»…
Вайн кертах болу некъ
Кхолламо гаьннашка боькъуш,
Цхьаццанхьа кхиссина,
Вай хӏинца цхьаццанхьа де́ха.
Хьо цигахь цхьаъ йиси,
Буйнаца йуткъа гӏаж лоьцуш,
Дӏадевлларш марзонца
Уойланийн бӏарлагӏашлахь леха.
Ирсе́чу да́харан
За́манан мерза аз дезна,
Тхан да́ а ӏо́жалло
Хе́наза вадийра шеца.
Геннара забаршца
Мохь бетташ, массарна йезна
Де́н йиша кхин йагӏац –
Самукъне «гу тӏера де́ца».
Гӏа санна, техкина,
Со а кху сайн гаьн тӏехь ве́ха,
За́манан лехамаш
До́гӏанах белшаш тӏе ӏенаш.
Тем бо́цу ойланаш
Тийналлехь лехкало цӏе́хьа, вайн жима йурт толлуш,
Тӏегулдан ширделла гӏе́наш…
Дитта тӏехь гулделла
Дог цӏена хьозарчий санна,
Йиш-ваша, гергарнаш,
Дӏадевлларш дегнашца соьцуш,
Вон-дика деанчохь
Гулло вай кӏеззигчу ханна,
Кхуьуш, йа ца кхуьуш,
Жим-тӏамма марзонаш оьцуш.
Хӏун де́р ткъа, иштта йу
Минотехь тем бо́цу за́ма.
Массо а дӏахьаьдда,
Дӏадедда и ла́ца гӏерта.
За́мано-м да́харехь
Ше́н каде берг туьссу па́на,
Адамийн де́харшна
Йо́гӏуш, йа ца йо́гӏуш берта.
Йиш-ваша дицделла,
Дог цаьрга ца кхойкхуш, цкъа а
Цхьа де дӏа ца доьду,
Тешалахь, хьомсара на́на.
Ас сайна даьссаниг
Ца лоьху да́харан да́къа;
Дика дан ма лаьа
Эхьах ца ваггал кха́на.
…Бе́р санна, хьаьстина,
Доккхачу да́́харе ваьлла,
Йуха а ас хьоьга:
«Со волчохь ӏахьара», – о́лу.
«Къанйаллалц йаьхна кхерч
Дӏатаса атта дац», – аьлла,
Сан лаам ца ло́руш,
Хьоьгара и цхьа жоп до́лу.