- Ба́ба, со варставо ахьа къонах верстина хилча товш дац, ма бо́хура ахьа, - ба́бас шеца хӏоттош долу гӏиллакх шена товш хилар къайла да́ккха гӏертара кӏант.
- Хьо хӏинца а дегӏ доккхуш ма ву. Ахьа хӏинца дика хӏума йууш ца хилахь, ахьа дегӏ а доккхур дац, ницкъа болуш а хир вац хьо, - хьехарш дора ба́бас. Хӏума йихна шаьшиъ даьлча ба́бас леррина схьагулла йора йуург. Цхьа цинц а ца йуьтуш сискал а йуха гатана йуккъе хьарчайора, цуьнан кӀе́да, ховха хилар ца дайийта, цуьргаш йисте куьйг а ло́ций вукху куьйга тӏегулла а йой, дӏакхоллура ба́бас. Бехк бо́цуш нохчийн къам цӏе́ра а́радаьккхинчохь Къилба седа Казахстанехь ша́ лайна мацалла дагайо́гӏура цунна хӏо́ра а ша́ иштта гулйина сискалан цуьргаш дӏакхоллуш. Ше́н хӏусаман да́ Хьуьсен, Сайдӏалин не́нан да́ ла́ралуш волу, кӏант Шамсудди а дагаво́гӏура Ребӏатна. Хьуьсен а, Шамсудди а цамгарой, мацалой Казахстанехь дӏакхаьллине́ра. Цхьа нохчийн хӏусама йац-кх хӏусамехь йа масех стаг, йа шайолу хӏусама хӏаллака хиланза! Йовлакхан тӏоман маьӏиг хьаькхина бӏаьргах охьахьаьдда хин тӏадам дӏа а боккхий, цхьа хӏума дага а деъна бехкала йахача санна йелакъежира Ребӏат:
- Сайдӏали, хӏинца хьо санна со жима йолуш, хезна су́на тхайн на́нас Датос о́луш: боьрша стаг хьуьнха дечиге вахача, зингат де́лало о́луш. Ткъа зуда хьуьнха йеъча зингат доьлху бо́ху.
- Ба́ба, зуда хьуьнха йахача стенна доьлху и зингат? – ца кхетара жима кӏант.
- Боьрша стаг хуьнха вахача, ша́ делкъана хӏума йиъна ваьлча сискалан цуьргаш бе́цала охьакхуьйсу. Ткъа зудчо схьа а гулла йой цӏа хьо бо́ху йууург цхьа цинц а ца йуьтуш. - Зударша цхьа цуьрг ца йуьтуш, схьагулйой, цӏа хьо, ткъа зингатна хӏумма а ца кхо́чу, цунде́ла доьлху и зуда хьуьнха йеъча, - кхетийра кӏант ба́бас.
- Ба́ба, аса сайх йисина сискалан цуьргаш кхийса мегар дуй зингаташна? – хаьттира кӏанта.
- Мегар ду де́ра, хӏуйнда ца мега и. Аса-м айса а, йуург аса ларайарах, сайх йисина сискалан цуьргаш зингаташна а, кхинйолчу а кегийрачу садолчу хӏумнашна бацалахь йуьту. Са́гӏа хир ма йу и, ткъа цулла мелехь дуьнена чохь хӏума дац.
Ребӏатас говза, сихачу куьйгашца, кхин болу а ша́ мел беш болу болх санна, йуург тӏоьрмигна чу схьагулйора.