Ребӏат виро бат ӏоьттина йуьстаха теттира. Амма йоккха стаг атта къарлура йо́луш йа́цара, ма-догга тасайелира и дуьрстанах. Вир-м кхин а корзаха де́лира, йоккха стаг ког тасабелла гора йахара. Кхар ца йала гӏерташ делахь а, кхерайелла делахь а, дуьрста дӏа ца хоьцуш лаьттахула такхийра и виро. Вир шега ца къарлой хиича дуьрста дӏахийцира цо, цхьа Де́лан къинхетам хьалха а баьлла, вирворданан чӏургана кӏела ца йоьдуш агӏонца керчина дӏа йахара и. Ше́н толам базбеш цӏингаш а кхуьйсуш дӏаиккхира вир. Ворданан буьххьехь ӏаш волчу Сайдӏалес ше́н ницкъа мел бу архаш йуха озийра. Дуьрстанан геланаш виран багахь хиллехь-м лозийна а сацан мегара и. Ловзадаьллачу виро тергала а ца вира Сайдӏали. Воьхна хуьлуш дӏа схьа хьаьжира и, хӏун дийра дара ца хууш. Вуха хьаьжича цуьнан бӏаьрг кхийтира меттах а ца йо́луш йоьжна ӏуьллучу не́нан не́нах. «Ба́ба-а!» - цӏогӏ де́лира кӏантан чуьра. Дечигаш а ло́цуш жимма лаха чу а кхозавелла ворданан тӏера чухецаве́лира и, керчина масийта го боккхуш дӏа а воь́душ. Ша́ лазавар тергал ца деш хьалаиккхира жима кӏант, бабина тӏехьаьдира и. Оцу хе́нахь ба́ба кӏегара хууш а гина, ге́на долуш долчу вирана мох санна тӏаьхьахьаьдира и. Ловзадаьлла вир хӏинца-м охьанехьа боьдучу новкъо а, тӏаьхьа хьаьдда йо́гӏучу вордано лаьллина хьош дара! Жима велахь а, ког сиха хилле́ра кӏант, вуха ве́р во́цуш а. Къар ца луш ведда, ведда хьалха ве́лира кӏант вирана. Вир хӏинца-м ша́ а дара соцура долуш, амма дечигах йоьттина йолу ворда охьанехьа боьдучу новкъахь сацон атта да́цара. Агӏонца текхаш йолчу археех бӏаьрг кхийтира кӏентан. Ведда во́гӏушехь тӏекхетта буйна ле́цира Сайдӏалес архаш, ма-догга йуха озийра. Водуш хьалха а эккхиш виран коьртана тӏехула тӏекхоьссира цо архаш, кхин цкъа а йуха озийра. Вир архаш когех а тасалуш духа гӏоьртира, гора дахара, дуьйжира, текхина вордана ӏаьрчаш лаьттах а гӏуртуш сецира ворда а. Вир ӏаьрчашна йуккъехь йоьжна ӏуьллура, доккха са а доьӏуш, даккхийн бехкла дахана бӏаьргаш кӏанте а хьежош. Ба́ба дага а йеъна, кӏант дӏахьадира и йоьжна ӏуьллучу агӏора.
- Ба́ба! Чӏо́гӏа лозийний хьо? – мохь о́луш тӏекхийтира кӏант не́на на́нна.