ма дезара тхуна. ТІехула тӏе, стохка цара кечйина цхьа хьаьжар-гужар гучуйаьккхина а хилча. Нагахь мятеж хилахь, хӏун дан деза? Кхузара-х дуккха а эскарш Закавказье дӏахьовсийна. Берриг сан тӏеман никъ – эзар кхо бӏе цхьамза, Буртӏунера бӏеннал сов оьккхуш милцой а ларор ма бац, масех эзар ламанхо охьататталахь».
Оцу масех минотехь, чу гӏаж Іоьттина дарбина никх санна, йека йуьйлира гарнизон. Плацера цӏа балийна салтий арахь дӏасауьдура. Хезара говрийн терсар, эпсарийн буьйраш. Хьалхо машаре йежаш хилла котамаш маьхьаршща дӏасайаьржира.
Араволуш неӏарехь дуьхьалкхеттачу округан канцелярерчу эпсаро кехат делира Батьяновга: «Чов хилла капитан Юзбашев ӏуьллучу Кешана гӏопе цхьа-ши рота салтий бахийта».
– Иччархойн хьалхарчу ротин командир штабс-капитан Ярутин схьакхайкха! – омра дира цо тӏехволучу салтичуьнга.
Оцу минотана схьавеана штабс-капитан, омра схьа а эцна, дӏавахале, вукхунна тӏаьххье керла кехат кхечира полковнике: «Полкан командир хиларе терра, округан начальникан декхарш хьайна тӏелацар доьху хьоьга».
Батьяновс цӏеххьана сацам тӏеийцира: стенна оьшу, цига эскар а дигна, гӏуллакх оццул десто?
– Хӏун деш бу уьш цигахь? – йаппарш йира полковнико. – Цхьацца могӏа тӏе а йазбеш, кехатан цуьргаш кхоьхьуьйтуш! Господин штабс-капитан, сайн омра дӏадоккху ас. Масех дошлочуьнца со-со воьду. Сихха геланча вахийта цига, со дӏакхачале, йуьртара нах майдане гулбе алий.
Казармаш йолчухьа дӏавоьдучу полковникна дуьхьалІоттавелира штабехьа схьахьаьдда вогӏу Абросимов.
– Господин полковник, бакъдуй суна хезнарг?
– Хӏун ду-те иза?
– Нохчий гӏовттар.
– Хӏумма а доцург…, – куьг ластийра Батьяновс. – И гӏовгӏанаш цара сих-сиха ма йо.
– Округан начальник а вуьйшший?
– Иза-м дуьххьар хилла…
– Хӏета, забаре гӏуллакхаш дац-кх уьш?
Батьяновс жоп ца делира.
– Хьо отрядца цхьаьна цига воьду бохуш, ма дуьйцу?
– Хӏаъа, зуламхошна таӏзар дан деза.
– Пурба лохьа суна отрядца дӏаван?
– Мегар дац, – ойла а ца йеш, хадийра полковнико.
– Хӏунда?
– Хьекъале стаг ву хьо, Яков Степанович, хӏетте а хоьтту. Хьо тӏемало ма вац. Хьо хӏун дан воллу отрядца веана?
– Нохчийн исторех, ӏер-дахарх лаьцна