кӏелдӏара майра ши бӏаьрг тобанна тӏехула кхарстийна, цо куьг хьалалаьцча, гӏовгӏанаш совцийра наха.
– Йуьртахой! Шун маьхьаршка ладоьгӏуш, йуьстахлаьттара со. Оьрсийн паччахьан ӏедал аш дохо дисина дац. ХІокху суна уллохь лаьттачу къонахчух терачу нехан эладитанаша иракарахӏиттош, маситта шарахь цӏий Іенадайтина вайнахе. Хӏетахь оьрсашна дуьхьал леттачу къонахошка хьаьжча, шу йисинарш цхьа хӏоранаш йу. Хӏинца а шарйалаза йу оцу бехачу тӏамо йитина лараш, дӏа ког мел баьккхинчохь – кешнаш, хиллачу йартех йисина херцарш. Тоьур ду хӏокху тайпачу нехан сонталло вайн халкъ ах хӏаллакдар. Шаьш ма ӏехадайта! Шайн-шайн цӏа а дерзий, ӏедало бохург деш, ӏадъӏе…
Дехьо лаьттачу Ларчас, мохь тоьхна, йукъахваьккхира иза:
– Хьан санна, бӏе урд мохк а, маситта бежаний, хьан паччахьо, хьуна санна, луш ахчий делахьара, тхо а ӏийр дара! Іовдалша ца гӏиттийна тхан дай паччахьан ӏедална дуьхьал, Іовдалша ца ӏенадайтина халкъе цӏий, ткъа мацалла, къоьлла а, царна тӏехь латто харцо а йара уьш герз карахь гӏитториг, маршонехьа къийсамехь уьш лоьтуьйтург.
Майданахь гӏовгӏанаш йевлира:
– Цхьа кхай, цхьа йеттий хилча а, тхо ӏийр дара.
– Оха санна, налогаш текха воьлча, кхин зурма лоькхур йара ахь а!
– Тхо санна, цкъа Теркайисте мехах латта лело гӏол!
Карзахбевлла нах дӏателлац, тӏулгах воьттича санна, меттах ца хьовш, бӏаьрнегӏар ца тухуш, вист ца хуьлуш а лаьттина, хьалха санна, лохачу озаца шен къамел долийра Шахьболата:
– Мегар ду. Со вен а, сан цӏенош даго а пурба ду шуна. Амма вайн йуьртана тӏевоьссинчу хьешан аш цӏий даккхахь, и эхь, суна тӏехь дисина ца ӏаш, шуна а, шун тӏаьхьенна а тӏехь дуьсур ду. Йоккха майралла ма йац цхьа волу цхьа стаг вер…
– Оха кхайкхина ца валийнера иза-м…
– Изий, и саннарший бу тхо лоллехь дахкориш!
– Хӏетте а, цхьана агӏор бакъ ву Шахьболат. Кхечу къомах хьаша ма ву иза.
– Вай и цхьаъ верах, нисдала хӏума дац…
– Цул, вига а вигий, имаме дӏало вай, цо йер кхел…
Дехха къийсинчул тӏаьхьа иза имамна тӏе дӏавига сацамбира наха…
Шахьболат цӏера ваьлча, ша байлахь висча санна хийтира Пруссаковна.
Суьйранна чубуза дагахь дукъа тӏе лахбелла малх кхана Іуьйранна схьакхеташ шена гург хиларх