Хаси-Юьртахь тангӏалкха тӏе хьалаозийра. Ссылке вахийтира Атаби а, ӏумма а. Цхьана бенойн Солтмурдан аьтто хилира кӏелхьарвала. Ссылкера цӏа вирзина Атаби кхелхира, ткъа къена борз Іумма шотойн лаьмнашкахь дӏатийра шен тунгари чохь, чевнашна мотт хьоькхуш, уьш йерзаре ладоьгӏуш ӏен экха санна.
Инарлехь хаамаш бара, ӏуммас, ша тӏаьххьара Макка а вахана вогӏуш, туркошца цхьа барт бина бохуш. И цӏа вирзина дикка хан йаьллехь а, цунах шекьхила хаалуш хӏумма а дацара. Цхьа дош а, гал тесна ког а. Мелхо а, массо хенахь ӏедална шен муьтӏахьалла гайта гӏертара иза. ХІетте а, хӏетахьлерчу областан начальнико, инарла-лейтенанто графо Лорис-Меликовс амалтана ваьккхира Іуммин жимахволу кӏант Дада. Ваьккхина, Россе дӏахьажийра. Тӏеман школе. Иза кхечу ойланехь, кхечу кхетамехь кхио. Иза хӏинца Александр Павловичан свитехь ву. Ткъа воккханиг, Шемал, йуьртда ву Зумсахь. ХІетте а, Свистунов шек ву ӏуммин муьтӏахьаллех. Амма Грозный отделан начальнико эло Эристовс, Іумма, паччахьна муьтӏахь хилла, гуттаренна а кӏел сецна бохуш, дуьйцучо мелла а само артйора инарлин. Делахь а, олуш ма ду, ша мел кхабарх а, борз хьуьнха хьоьжу. Цундела ӏуммас шен амал хуьйцур йу бохучух теша хала ду.
Оцу ойланех инарла йукъахваьккхира, чкъург ор чу а иккхина, тохайеллачу коляскано. Бӏаьргашна тӏейеана фуражка, нисйеш, коьрта тӏе а таӏийна, тӏехьа хьаьжира иза. Уггар хьалха цуьнан бӏаьрг отрядна хьалха вогӏучу куьцехьчу эпсарх кхийтира. Дуткъа дегӏ, шуьйрачу белшаш тӏехь прапорщикан эполеташ. Оза йуьхь, хаза хьовзийна ӏаьржа мекхаш, ира хьажар. Цхьана секундана шаьшшиннан хьажар дуьхь-дуьхьал нисделча, инарлина дагадеара и къона эпсар ӏуммин кӏант хилар. Нагахь да мятежникех дӏакхетахь, кӏанта хӏун дер-те? Йа дегахьа вер-те, йа ӏедална тешаме хилла вуьсур-те? И дарйелла борз шен тунгари чуьра арагӏортахь, инарлин карахь закъалт ду, иза йуханехьа чулаьллина ца ӏаш, гора хӏотто а.
Генна хьалхахь гучуйелира Грозный-гӏалин йист.
Александр Павловичан хӏинццалц аьтто ца хиллера областерчу тӏеман ницкъийн гӏуллакхашка хьажа. Туркошца тӏом болабелча, ша-шаха кху областерчу эскарийн командующи