Къона Іумаргӏар бӏаьрг буьзна хьуьйсура цуьнга. Шена и дерриг бен ца хетачуха, вист ца хуьлуш Іара ӏала-Мохьмад. Амма жимахволчу веше бовха безам а, цуьнан майраллеххий, хьекъалххий, ӏилманаххий дозалла дара иза цунна виллина дӏа улло ваьккхина лелориг. Хӏинца а дукха къена воцчу Олдаман йалх кӏант вара уьш: ӏала-Мохьмад, Іаьлбаг, ӏеламха, ӏарапха, Султӏи, Зеламха. ТІаьххьарниг хӏинца а пхийттара а ца ваьллера. Султӏина кху шарахь бакъо йеллера герз лело а, баккхийчаьрга куьг лоцуш маршалла хатта а. Воккхахчу шен кхаа кӏантаца Макка Хьаьж-Цӏа а вахана, йаханчу гурахь цӏа веанера Олдам. Майра, хьуьнаре ӏаьлбаг оцу доьзалан а, йуьртана хьовха, дерриг зандакъойн тайпанан а доккха дозалла дара. Цундела, иза дӏасавоьдуш, воккхаха ваша даим цуьнца хуьлура.
ДІадоьдура хьуьнарш къийсар. Дегӏо ма-ллов герзашца кечбеллачу береша говраш хоьхкура шуьйрачу майданахь. Тӏемадевлла олхазарш санна, чехка йогӏучу говрашкахь тайп-тайпанара хьуьнарш гойтура цара. ДІо вогӏу бено, цхьана куьйга нуьйран хӏоъ а лаьцна, шине агӏор охьалелхаш, кхоссалой йуханехьа нуьйра хууш, гоэцна вогӏу. Ткъа цунна тӏаьхьара цІонтаро, шед тоьхна, говр марса а йаьккхина, урх дӏа а хецна, нуьйрахь ирахь вогӏу, роггӏана цхьацца кога тӏе а хӏуттуш. Хье тӏехь кӏайн сет а, когаш кӏайн а болчу Къайсаран дин тӏехь гуш бере вац. Хьал ца хуучунна моьттур ду, иза, бере а воцуш, хецайелла йогӏу. Амма Къайсар, луьйтанара схьа когаш ца бохуш, цкъа цхьана агӏор, тӏаккха вукху агӏор кхийзалора йа, говран агӏонца вахлой, къайлаволура. Кортош, когаш хедийна, йукъ-йукъа лаьтта охьакхийсина газанан чархаш, кадетташ, ойъий, говра тӏе хьалайоху. Хала ду массанхьа охьадехкина, шардеш, къагийна дато соьмаш схьаэца. Амма кхин а чолхе ду соьмана йуккъе тапча тохар. Къайсара кхо сом схьаоьцу. Ткъа Болата кхаанна йукъаметте тапча туху. Хьалакхоьссинчуьра охьадогӏу шай, топ йетташ, йуханехьа ирхъоьхуьйту цхьаболчара. Шера цӏанбина ца ӏаш, ткъа тӏе йоькаш хьаькхначу иттех аьрша лекхачу гӏуркха тӏе хьалабийларх а къуьйсу. Гӏуркха буьххьехь хьостамах хьалаоьллина йу даьргӏахойн тоьллачу пхьераша йина шаьлта.