Ӏаьлбага Нохчийчохь гӏуллакх долийча, шолгӏачу дийннехь Дегӏастанахь гӏовтта дуйнаш биъна Мохьмад-Хьаьжа а, Тилатӏларчу Кибит-Махьмин кӏант Муртаз-ӏела а, Гӏазгӏумкара Джафар-хан а, церан бартахой а хӏинца а тийна Іара.
– Вайнехан кица ду-кх, «хьох-м тешара со, амма хьо тешачух тешац-кх» бохуш. Мохьмад-Хьаьжех, Муртаз-ӏелех-м тешара со, амма вукху бисинчех шекьхуьлу-кх, – ша далхо вуьйлира ӏаьлбаг. – Мел дийцича а, Джафар-хан эла ма ву. Цуьнан бартахой ӏабдул-Межед а, Батӏалбек а паччахьан эпсарш бу. Маьхьта-Бек а ву инарлин кӏант. Мохьмад-ӏелий, ГІеза-Ахьмаддий элийн бераш ду. Хьанна хаьа, ӏедало шаьш хьастахь, уьш йухабовлий а. Йухабевлла а ца ӏаш, цара вайн гӏуллакх духкий а…
– Солтмурд Согӏратӏлара цӏа веача, хуур вайна, уьш стенга ладоьгӏуш Іа.
– Суна-м хаьа. Вай долийначух хӏун хуьлу хьуьйсу-кх.
– Валлахӏ, бац сонта… И дӏогахь кӏур туьйсуьйтург Васал ву-кх! – охьа чу нахана йукъа пӏелг хьажийра Къайсара.
Даим санна, чоа белшаш тӏе а кхоьллина, лоьдгех йиначу чӏогӏачу томкин цигаьрканах кӏур туьйсуьйтуш, нахаца забарш а йеш, гу тӏе хьалагӏертара Васал.
Шен тишачу чоин тӏемаш, хьарчийна, кӏел дохуьйтуш, тӏе карс йаьлла ӏуьллучу чхар тӏе охьахиира Васал. Ӏаьлбаг шега хьоьжуш а гина, кхин къамел йукъа ца доккхуш, шена гинарг, хезнарг дийца вуьйлира иза.
Уггар хьалха цо дийцира Соьлжа-Гӏалахь Органал дехьарчу йартийн векалийн хиллачу гуламах.
– Гӏаларчу бахархойн ойланаш башх-башха йу: хьалдерш кхерабелла, къехошна хазахетта. Инарла Орца а, полковник Беллик а, бага са а кхаьчна, хьаьдда лела. Гӏалина гондхьа тӏетаьӏӏина оьрнаш, саьнгарш йохуш бу. Іумхан-Юьртахь лаьтта отряд кхуза Шелахьа схьайан арайаьлла. Кху сохьта иза Гелдаганна уллохь лаьтта, Эрсанара эскарш тӏекхачаре хьоьжуш.
– Дукха буй уьш? – хаьттира, жима тептар а, къолам а карахь леррина ладоьгӏуш лаьттачу Коьрас.
Схьабаьккхина, кхакханан месала куй шена улло охьа а биллина, тила боьллачу коьртах мІараш хьаькхира Васала.
– Суна хаарехь, цигахь гӏашлойн цхьа батальон а, гӏалгӏазкхийн бӏе дошло а, йиъ йоккха топ а, милицин отряд а йу. Эрсанарчу отрядехь – кхоъ гӏашлойн батальон, йиъ йоккха топ а.
– Уьш мел хуьлу, Овхьад?