приказ дала. Лазутчикаша дийцарехь, ӏаьлбагца масех эзар мятежник вара. Ткъа кхуьнан отрядан ницкъ, цаьрга хьаьжча, кӏезиг бара: Тенгински полкан цхьа батальон, Сунженски гӏалгӏазкхийн полкан цхьа сотня а, йиъ йоккха топ, кху Грозныйн округера ханна вовшахтоьхна милици а. Бакъду, Майртуьпахь лаьтташ гондӏарчу йарташкара хӏокхарна гӏоьнна вовшахкхетта нохчийн пхи бӏе лаамхо-м вара. Амма, хьанна хаьа, тӏом болабелча, цара хӏун дер?
Мыловс сацам бира полковникан Нуридан отряд тӏекхаччалц собардан.
Амма хӏорш, йайш охьа а дассийна, цӏераш лато гӏерташ бохкуш, Нуридера кехат кхечира, отряд сихонца Курчалойн-Эвла дӏайига, ша цига дӏакхочу аьлла. ТІаккха сихха Майртуьпа геланча хьажийра Мыловс, цигахь лаьттачу лаамхойн отряде, гуттар шаьш ницкъ эшна кӏелдиссалц, мятежникаш йуьрта ма бита аьлла.
ХІетта дӏахӏиттийна йайш ворданаш тӏе бертал а диттина, меттахйелира отряд.
– Хьо теший цара мятежникашна доггах дуьхьало йийриг хиларх? – хаьттира Долговс, геланча Майртуьпа а хьажийна.
– Хаац, – белшаш саттийра Мыловс. – Вешан карахь долчух дерригенах пайда ца эцча довлий вай? Кху дуьххьарлерчу тӏамо къастор бу вайн кхоллам. Вай ийши-кх – кху арен тӏера йерриг йарташ мятежникашкахьа йевр йу. Толам вайгахьа буьсу-кх – уьш мятежникашна дуьхьалйевр йу.
– Иза-м кхеташ деца, – доккха садаьккхира Долговс.
Ӏуьйранна малх а кхетта, йекхна хилла стигал, кӏез-кӏезиг кхулуш, ӏаржйелира. Йукъ-кара ткъес лелха доьлча, чам байна Долгов стигала вогӏавелира.
– ХІокху йуккъехула догӏа делха доллу-те?
– Иза дара вайн дакъазаллина тӏе хилаза дисинарг!
– Хьий, неӏалт! ТІадамаш эга дуьйли.
– Хӏара догӏа дукха хьерадалале, батарея дІахІоттайайтал, подполковник. Кху вочу некъашкахула обоз, йаккхий тоьпаш муха текхо йеза?..
Долговн отрядо позици лецира йуьртана къилбехьа, Гумс хин лекхачу бердаш тӏехь. Отряданий, йуьртаний йуккъехь, дукха йелахь, цхьаъ ах чаккхармий бен йукъ йацара. Бердан йистонца хӏиттийначу йаккхийчу тоьпийн аьтто бара йуьртан массо маьӏиг ата. ТІедоьлхучу догӏанна кӏел салтий, лафеташ къовлуш, йаккхий тоьпаш дахӏиттийна а бовлале, Жугӏуртара охьабогӏучу новкъахь