хьалха бига шегахь ницкъ боцийла. ТІедоьлхучу догӏано лашкабаьхна, хаттех буьзна уьш, гӏаддайна дуьхьало а йеш, кӏез-кӏезиг йухабуьйлура. ТІаьххьара а тохар дира Нуридна, ӏехавелла, ша отрядна гергабахкийтинчу гӏовттамхоша. Курчалойн хьуьна чуьра схьаваьлла, цуьрриг къайлавала а ца гӏерташ, уьдуш тӏевогӏу бӏе сов стаг шениш бу моьттуш, тӏевитира полковнико. Амма, цхьа кхо бӏе гӏулч гергакхаьчча, йехха зӀе йеш баьржинчу цара тӏетоьхначу тоьпаша иттех салти вожийра. ТІаккха царна тӏе шен дошлойн сотня хийцира полковнико. Амма оццу минотехь ши бӏе метр генахь Гумса чуьра хьалайаьллачу кхечу тобано, тоьпаш тоьхна, йухаберзийра салтий.
Отряд, хаддаза дуьхьало а йеш, йухайала йоьлча, стенна делахь а, тӏелетар лагӏдира гӏовттамхоша. Оцунах пайда а эцна, шен берриг ницкъ Курчалой-Эвлана малхбузехьа а баьккхина, йерзинчу арахь сацийра Нурида. Гӏовттамхойн дагахь хӏун ду ца хууш, массо ханна дуьхьалонна, гӏовттамхой тӏелата там болчу агӏор йерзийна йаккхий тоьпаш а хӏиттийна, буьйса йаккха сецира отряд.
Нурид кхийринарг хилира буьйсанна.
Оцу дийнахь кхачанах кийра бузаза салтий, шайн бедарш йакъо а, бохбала а, бовха кхача кечбан а дагахь, хьуьна чу декъа дечиг дан бахча, цигахь а тоьпийн татанаш девлира. ЦІерш летор-м хьехочохь а дацара, хьуьн чуьра ара а ца бовлуш, гӏовттамхоша бивака тӏе йеттачу тоьпаша синтем байъина, тоьпаш кара а лецна, догӏанна кӏел буьйса йаьккхира салташа. Сатоссучу хенахь сецира хьуьнхара схьа тӏейеттар.
Ладегӏарх, тӏедогӏуш гӏо дацара отрядна. ГІовттамхой, шайн ницкъ а гулбина, тӏелетча, царна дуьхьало йан ницкъ бацара, хьалхарчу дийнахь сарралц тӏом а бина, буьйсанна а садоӏийла ца хуьлуш гӏелбеллачу салташкахь. Отрядан эпсарш тӏе а гулбина, йоцца кхеташо йинчул тӏаьхьа, Нурида омра дира, Гелдаганахула дӏа Гермчига йухадовла аьлла.