Аш хӏунда къевлина сан некъ?
ДІадовла!
Даймохк бу вайн гӏоне хьоьжуш…
Ш. Петефи
Малх делкъенга болучу хенахь ӏаьлбаг коьртехь волу отряд, Эвтарахула чекх а йаьлла, эвлан йисттерчу экъан тӏехь сецира.
Ойсгӏар, Мелчхе, Гуьмсе, Мескар-Эвла дӏа а лаьцна, кхуза кхача йезара Къосам а, Тозуркъа а коьртехь оцу йарташка йахана ши отряд.
БІаьхошка муьлххачу минотна кийча дойшна уллохь хила а аьлла, шеца Коьра а, Болат а кхайкхина, дехьо лаьттачу гу тӏе вахара ӏаьлбаг.
ГІовттамхойн отрядаш йарташкахула чекхйуьйлуш, баккхийбеш дуьхьалбетталора бахархой. Божарий, кегийрхой, божабераш эвла йисте дуьхьалдогӏура. Царах дукхахберш, къаьсттина кегийрхой, бІона йукъакхетара. Сискал, кӏалд, хохаш карахь урамашка буьйлура зударий а.
Адамийн йаххьаш тӏехь баккхийбер, дикане сатийсам гора Іаьлбагна. Цхьаберш боьлура, вукхара шовкъе маьхьарий деттара, кхечара хӏорш Деле боьхура. Амма ӏаьлбаган ирачу хьекъална гора оцу шовкъечу йаххьаш тӏехь цара къайлайаьккхина латто гӏайгӏа а. Адамаша маршоне сатуьйсура. Уьш кийча дара цуьнан дуьхьа синош дӏадала. Амма оцу бӏаьрзечу дукханна йукъахь кӏезиг бацара хӏоьттинчу хьоле сирлачу хьекъалца хьуьйсурш а.
Гӏовттамхошна йукъахь кӏезиг бара шовзткъа шарал лакхара нах. Берхӏитта шо хьалха чекхбаьллачу бехачу тӏамехь бахчабеллачу бӏаьхошна хаьара паччахьан ӏедалан ницкъ. Цуьнца къийсар эрна дуйла а, толаме догдохийла йоцийла а. Гӏаттам жигарбаьллачу кху тӏаьххьарчу кӏиран чохь йарташкахула чекхйуьйлучу оцу кегийрхойн тобанашка а хьуьйсуш, царах къахеташ, кортош хьийзадора къеначу бӏаьхоша. Кхузткъа шо хьалха кхин сурт ма дара хӏокху Нохчийчохь. Паччахьан эскарша наггахь дечу тӏелатарша йукъ-йукъа йохо йарташ хьесапе ца эцча, йерриг Нохчийчоь токхе, дийна йара. Хӏетахь а ца хаьара паччахьан ницкъ. Теркаца лаьттачу масех станицехь, масех гӏопехь берг бен, кхин ницкъ бац моьттура.
Баккъал а, йуьхьанца, шаьш биттане а ца битича, уьш ларабора паччахьан ницкъаца. Толамаш бохура. И шайна го ницкъ кхин иттаза алсам баьлча а, ларийра. Амма иза, харц хӏу санна, дебара шо-шаре мел долу, ткъа хӏокхерниг дебо хьоста дацара.