хаьара оцу динан дайх а, йартийн хьолахойх а мел тешам бу. Хаьара, уьш ӏедалехьа баха шиъ бен некъ боцийла а – ницкъ а, ахча а.
Ӏаьлбагах а ца кхоьрура и нах, хӏунда аьлча уьш теша генахь бара оцу къечу нехан имамо, паччахьан эскар а дохийна, толам боккхур бу бохучух. Къечу нохчашначул царна дика ма хаьара паччахьан ницкъ. И чалбанчаш а, совдегарш а, мехкадай а шегахьа баха дӏаохьа хӏумма а дацара имаман, шена тӏера схьайаьккхина цхьаъ бен йоцу машин чорда хеча ца лахь.
Амма Органал дехьарчу йартийн тхьамданаша шайна кхераме ца лорура ӏаьлбаг. Далла бу хастам, хӏорш Соьлжа-Гӏаланий,
Буру-гӏаланий йуккъехь болуш. Цул сов, хІокхарна гӏагӏ хилла лаьтта йуккъехула йехкина паччахьан эскарийн гӏаьпнаш. Цара ларбийр бу хӏорш ломарчу зуламхойх. Цундела, дукха кортош ца хьийзош, цара сацамбира инарлас схьаоьхьначу новкъа дӏабаха.
Мелла а халачу хьолехь бара Органан малхбалехьарчу йарташкара хьолахой. Ӏаьлбага хӏинцале хаийтинера, муьлххачу хенахь а Нохчмахкара охьа а ваьлла, цигахула туьрца чекхвала шегахь ницкъ хилар. Хӏара цхьа Шела а, Гермчиг а йоцург, кху ломан когашкара къилбаседехьа йолу йерриг а йарташ цуьнгахьа йу. Сахьт дац иза кхуза кхача а.
Вай дала гӏертачу накхармозийн тускарх тарйеллера Шела. Даррехь шина тобане йекъайеллера Нохчийчоьнан и шатайпа столица. Селхана цхьана мӏаьргонна догдуьллура Боьршига инарлин лаам кхузахь кхочушбан шен ницкъ кхочург хиларх. Боьршиг а, цуьнан бартахой а машаре бийшина ӏашшехь, ӏаьлбаган наха хьалххе дуьйна болх бинера кхузахь. Ткъа хӏорш самабевллера, йаьллачу цӏаро кӏажош баго боьлча. Хӏинца, бӏаьргех буйнаш хьаькхна, къаьрззина гонах дӏасахьаьвсича, йуьртарчу бахархойх дукхахберш Нохчмахка лерг диллина Іаш карийра хӏокхарна.
Цундела хӏокху агӏорхьара хьолахой, шайн доьзалш, бахамаш дӏа а леӏна, Соьлжа-Гӏала дӏабевддера. Тоххарехь шайн туьканаш Органал дехьайаьхнера Курчалой-Эвларчу Илесан бераша а. Сила долу шайн жаш, стерчий, говраш Теркал дехьа йигнера Майртуьпарчу Муьстагӏара, Закагӏара, Бекмирзин бераша, Гермчигарчу Диагӏара, Узигӏара, Мескар-Эвларчу Панкъагӏара, Мазигӏара, дуккха а кхечара.