бу, ма боху, Типлисе кхачча бохкуш. Царна гӏо деш бу, ма боху, малхбузера паччахьаш. Хьанна хаьа, уьш толахь а?
– Туркой? Уьш хӏун йу оьрсашна дуьхьал? – Туркой а хьахабой, ваьллачу тӏе а Боьршиг карзахвоккхура наха. – Уьш маца тоьлла оьрсел? Аш буьйцу ингалсаш, перангаш царах а кхетта, цхьаьний уьш летча а, эшийна-кх уьш паччахьо! Хӏинца вайна дуьхьал и ког шуьйра шарбалш йолу туркой бен бац. Цул сов, туркойн ӏедална кӏелхьара берриг керстанаш а гӏевттина вайн паччахьна гӏоьнна.
– Туркошна гӏоьнна абхазой а, саной а гӏевттина, боху, – эккхийтира цхьамма. – Цаьргара даьлла ун ду кхуза даьржинарг а. Изза дан кечбелла суьйлий а, Іаьндой а ӏа, боху. Россехь муьжгий а карзахбевлла, тов…
– Хьердолуш лаьтта хӏара дуьне…
– ХІокху паччахьаша лелочунна тӏаьхьакхиъна вер вац…
– Шаьш дов а доладой, халкъаш вовшехлоьтуьйту…
– Вайн гӏуллакх тапъаьлла тийна Іар ду.
– Тоьллачуьнгахьа довла…
Зоьрталчу Боьршига, хьаьжайукъ хабийна, цІоцкъамаш дусийна, буьрса бӏаьрг беттара гӏугӏ дечу хьолахойн йаххьашна тӏехула.
– Цкъа-делахь, аш буьйцучу абхазойх а, санойх а церан шайн элаша хӏоз беш бу. Дегӏастанхой а, меттахбовла ца баьхьаш, таьӏна ӏа. Гӏевттинарш хӏара вайн Іовдал нохчий бен бац. ТІе, ӏовдал вай, Іунканаш санна, таьӏна Іа. Ткъа ӏедало стенга ладоьгӏу? Ӏедале-м, хьаха, дийнахь сарале сийначу цӏарах йагалур ма йу, хӏара йерриг Нохчийчоь-м хьовха, кхин оццул итт хилча а! Амма ӏедало вай, паччахьан тешамечу йалхоша, хӏун до хьоьжуш, ладоьгӏу. Цахуьлчу далахь, оцу нохчмахкахошца цхьаьна, хьаьшна, вичӏадохур ду шуна! Соьлжа-Гӏала гулбинчу нахе инарлас аьлларг дицделла шуна? Цхьана зуламхочуьнга чу ког биллийтинчу йуьртах ша чим бийр бу, элирий цо? Шена гӏо ца деш, йуьстах ӏийна йурт, паччахьан а, шен а комаьршаллех хаьдда ца ӏаш, таӏзарна кӏел гӏур йу, элирий цо?
– Вай хӏун дан деза царна? Вай санна, бусалбанаш хилла ца ӏаш, нохчий а ма бу уьш!
– Нохчий, бусалбанаш къесточохь дац вайн гӏуллакх. Вешан бахам, доьзалш кӏелхьарбахар ду коьртаниг!
– Вай саннарш кӏезиг ма бу йуьртахь. Итталгӏа дакъа а бац…
Амма Боьршиг къар ца лора. Цунна карабора дуьхьалвала некъ.
– Оцу дукхахболчарна йукъахь вайн гергара а,