ӏено дезаш хила а мегара. Мекарчу графна Евдокимовна хиира Шемалан а, нохчийн а галморзахаллех пайдаэца. Имаман къиза олалла кӏордийна, сих а, похах а чекхдаьлла, тӏамо чӏанабаьхначу ламароша шовзткъе берхӏитталгӏачу шарахь, дукха дуьхьало ца йеш, оцу лаьмнашна чувитира граф Евдокимов.
Ткъа хӏинца, хьанна хаьа, цуьнга, Свистуновга, цигахь хӏун дало? Цул кхераме йу Нохчмахке. Цигарчу хьаннашкахь хӏаллак ма йина инарлийн Граббен, Воронцовн отрядаш. Ткъа мел салтий хӏаллакьхилира тӏеман тӏаьххьарчу шарахь а! Хӏинца церан лорах ваха деза цуьнан. Барятинскийн кхо бӏе эзар салти вара, ткъа Свистуновн ницкъ иттаза кӏезиг бу. Цу тӏе, ах гергга – туземцаш. Хьанна хаьа, хало киртиг тӏехӏоьттича, цара хӏун дер?
Дуьхьалбаьхкинчу шелахойн тхьамданаша, сий деш, шайн йуьртахула чекх а ваьккхина, Сиржа-Эвлан дозанашка дӏавигира областан начальник. Шелан урамашкахь царна дуьхьалбевлира кечбелла дошлой а, салташна напгӏанашца зударий а. Дой хьийзочу береший, боьлуш, салташка чӏепалгаш, нехча кхийдочу зударший хоуьйтура шаьш паччахьна а, областан начальникна а муьтӏахь хилар. Александр Павлович тешна вара и спектакль йуьртан тхьамданаша вовшахтоьхна хиларх а, цуьнан ролаш ловзораш церан доьзалшший, гергарнишший хиларх а. Царна йукъахь гуш бацара йуьртан къехой. ТІехула тӏе, командующина хиънера, шелахоша ӏаьлбаг эккхийначул тӏаьхьа, оцу йуьртара дуккха а кегийрхой буьйсанна къайллах имамна тӏебахар а.
Сиржаэвлахоша ца гайтира шайн муьтӏахьалла. Шен гергарчу нахах йа таро йолчех ши-кхо стаг тӏаьхьа а хӏоттийна, эвла йисте дуьхьалвеана йуьртда, областан начальникан куьг лоцуш маршалла хатта дагахь, тӏеволавелира, амма, хьешан буьрса йуьхь а, кӀоршаме хьажар а гина, геннара корта а таӀийна, сецира. Йурт йаьсса йара. Готтачу, гомачу урамехула чекхйолучу отрядца бала болуш, деккъа цхьа жӏаьлеш доцург, кхин цхьа а са дацара. Ткъа бӏаьстенан йуьххьехь кенах довла доьлла жен жӏаьлеш, кӏомсарш йетташ, батойх шеташ оьхуш, керташ тӏехьара схьа дера летара хийрачу хьешашна.
Сиржа-Эвлахула чекх а бевлла, Хулхулон ахка чу бирзича, ларлуш оьхура салтий. Хӏетта гӏа даьллачу