Дош алар совнаха хилар гойтура оцу хьажаро. Иза ша а дара тешаман закъалт.
– Хьомсара Евгений Иванович, – вистхилира иза паргӏатчу озехь. – Имамо ӏаьлбаг-Хьаьжас дешна дац университеташкахь. Суна хетарехь, цунна, уьш хӏун йу а хаац. Амма, шен ткъе йалх шо бен дацахь а, европейски академикашна хӏун йу а ца хуу, шабашха масех университет чекхйаьккхина цо. Дуккха а баланаш ӏийшина цо, Нохчийчоьнний, Макканий йуккъехь дехаш долчу халкъашкара къиза Іазап, царна тӏехь латто харцо, цара маршоне сатийсар гина цунна. Имамо ӏаьлбаг-Хьаьжас университетехь дешна дац, иза дипломат вац, амма цуьнан дош лакхара а, чӏогӏа а хир ду муьлххачу а паччахьан, дипломатан дашал. Нагахь тхан наха, хӏокху гӏалахь-м хьовха, муьлххачу меттехь а машаречу адамна зулам дахь, шуьга кхел йайта, сайн лаамехь шуна тӏевогӏур ву-кх со.
Паргӏат, амма цхьа а тайпа хьийзораш доцуш къоначу нохчочо аьллачо шеквала меттиг ца буьтура имамой, цой шайн дешнаш кхочушдийриг хиларх. Суна чӏогӏа лаьара цунний, хӏокху сан доттагӏашний гӏо дан. Амма ас хьалххе сацам бинера, гӏаланашкахь ца соцуш, даим дӏа Нохчийчохь, гӏаттамна гергахь, хила.