салатавхоша, ойла йеш ца ӏаш, сихха жоп делира ӏаьлбаган хаттарна:
– Толам баккхахь а – цхьаьна, лахь а – цхьаьна хир вай. Шун бохаме хьуьйсуш ӏийча, эхь ду тхуна. Делан гӏоьнца, кханачул тӏаьхьа оха герз караоьцур ду-кх.
Хьеший дӏабахча, чохь сецира Солтмурд, Хьуьси-Хьаьжа, Къосам, Нурхьаьжа, ӏабдул-Хьаьжа, Янгӏулби, Тозуркъа, Сулима а.
– Хӏинца, кӏентий, вай кху кӏажа а доьлла, мижаргаш бууш ӏачохь дац, – элира Іаьлбага, хьеший новкъа а баьхна, ша чувеача, Солтмурдна улло охьа а хиъна. – ӏабдул-Хьаьжа, хьо а, Хьуьси-Хьаьжа а тховссехь – Махкатӏе, Сулиман – Цӏоьнтара, Гӏубха – Гуьна йухадерза. Делла а, дисина а, цигара йарташ гӏовтто йеза. Хьалха кхуза кхача там бу Кешанехь лаьтта бӏо. Иза дукха боккха бац, амма цуьнца цхьаьна ши бӏе сов гӏумкийн милцо ву шайн коьртехь Муса а волуш. Кхерам гергахиларна, йурт чІагӏйан йеза вай. Кхана ӏуьйранна йуьртара массо а стаг дагаршца, белашца ара ца ваьккхича валац. Арен тӏерачу йарташка нах хьовсо беза. Шаьш вайх схьа ца кхеталахь а, дуьхьалдуьйлучуьра совца аьлла. Ткъа хӏинца охьадуьйшур вай. Кхана гӏуллакхаш дукха ду.
Хьеший ӏаьлбаган вежарийн а, шайн доттагӏийн а хӏусамашка дӏасабахара. Іаьлбаг кетӏарчу зӏарах чоьхьаваьлча, цкъа оьгӏазе гӏигӏ дина, тӏаккха, хӏусамда вевзина, месала цІога а лестош, мотт баьккхина, качделла дуьхьалхьаьдира доккха, месала, сира жен жӏаьла. Корехь гӏийла серло йогура чоьзначу чиркхан. ЖІаьла дӏа а човхийна, парттал лохачу учи тӏе а ваьлла, даим цӏийзаш хуьлу неӏ, тата ца далийта, ойъуш схьа а йиллина, цӏа чу велира ӏаьлбаг. Пенах тоьхначу уьн тӏера чиркх хьала а оьзна, меллаша вахана, цӏенкъа мотт биллина ӏуьллучу хӏусамнанний, йоӏаний тӏехӏоьттира иза.
Кхо шо кхаьчна жима Сехьабу ӏаьржа, йуькъа месаш кенийн гӏайби тӏе а йаржийна, ши куьг дӏаса а тесна, цӏечу лаьстигах тегна дуткъа тиша йургӏа чӏенга кӏел оьзна, Іуьллура. Халла хаалуш деладелла севсина кегий балдаш. Цо са чу масазза узу, йусалора йуткъий мераӏуьргаш. Охьа а таьӏна, ӏаьлбага дӏатесира цуьнан бӏаьргашна тӏейеана кӏужал.
ТІера бедарш дӏа а ца йохуш, йоӏана улло дӏатевжинчу Зезагӏазна наб кхеттера. Гуш дара иза, майра цӏа варе хьоьжуш, йехха