– Кхин некъ бац тхуна. Цигахь шуьца болу суьйлий, маьӏ-маьӏӏера гулйелла арахьара писаш а бахьана долуш, тхешан йурт йагайойтийла дац тхан. Бертахь догӏу шу йа оха лецна дуьгу?
– Дӏадала суна гучуьра, дохкаделла зуд! – оьгӏазвахара ӏаьлбаг. – Шу кӏиллой ду цигара нах бохийна лелаш. Нуркиша а, хьо а, кхин масех а. Собарде аш, цкъа тхан карадогӏур ду шу!
– Хьовсур вай, мила хьенан каравоьду!
– ӏовдал ма лелалаш, нах бойъуьйтур бу аш! – мохь туьйхира Коьрас.
Амма Жанхот, урх оьзна, говр йуха а хьовзийна, хаьхккина дӏавахара.
Шен карара байракх тесна хи чу а йохуьйтуш, дехьаваьлла Жанхот, тобанна тӏе а вахана, куьйгаш дӏаса а туьйсуш, хабар дийца хӏоьттира. Иза дийцина ваьлча, меттахъхьайра тоба. Цхьаццамма олуш, тӏаккха массара ала гӏерташ, куьйгаш лестош, тоьпаш уьйъуш, маьхьарий хьоькхуш, дехха къийсинчул тӏаьхьа, массо гӏаш а бевлла, цӏеххьана меттахйаьлла тоба тогӏи чу йолайелира.
– Хьажахьа, оцу ӏовдалша лелориг! – корта хьовзийра Іаьлбага.
– Цхьаъ ца дича ца бовлуш, лелий уьш-м, – гӏайгӏане жоп делира Коьрас.
Тогӏи чу йоьссина тоба кхаа декъе йекъайелира. Кхузахь цхьаьнакхеттачу шина хин гӏодаца хьала ши тоба, ткъа кхоалгӏаниг – новкъа, дуьххьал хьала йуьрта тӏе йолайелира. Тогӏеш чохь шаьш йуьртарчу нехан тоьпашна кӏел нислойла хууш, хьаннашца богӏура уьш. Ах го лоцуш, йурт шаьш йукъахьовзийча, цхьа а низам доцуш тоьпаш йетта йолийра цара. ХІоьттина лаьттачу ӏаьлбаган а, Коьрин а кортош тӏехула шакарш йетташ бахара масех хӏоъ. Хӏоьънаш деттадала дуьйлира саьнгаршна хьалхахула охьайехкинчу дечигех а.
Йуртларйархойн оьгӏазе маьхьарий девлира, шайга дуьхьал тохийта бохуш. Амма ӏаьлбага уьш сецабора.
– Хӏинцца, хӏоъ-молха а кхачийна, совцур бу, – бохура цо. – Царах цхьа иттех стаг бен вац вайна тӏейетташ.
Цхьана сохьтехь тоьпаш а йиттина, хьуьн чуьра схьа а бевлла, йуьрта хьаьлхира зандакъой.
– ТІе тӏулгаш тоха! – омра дира ӏаьлбага, уьш берда кӏел кхаьчча.
Тӏулгийн дорца кӏел нисбеллачу цхьаболчара шайн лазийначу кортойх а, белшех а кайеттара. Вукхара, хьала а, дуьхьал а йолчу вала тӏе а лоьцуш, тоьпаш кхуьйсура.
– Йухадовла, ӏовдалш, шу ца дайъалуш дац тхо! – охьа чу а кхевдина, мохь