араваьлла иза, лоха гӏант дохьуш сихха йухавеара.
– Хӏан, хӏокху тӏе хаа, – Абросимовна улло гӏант теттира цо.
Абросимов цецвелира цунна мелла а оьрсийн мотт хаарх.
– Оьрсийн мотт хаьа хьуна? – хаьттира цо.
– Туда-суда, почом ала хаьа! – велавелира иза хьаьвзинчу мера кӏелхьара ӏаьржачу мекхийн йуьхьигаш а хьовзош. – Хаси-Юьрта базара воьду. Гӏалгӏазкхийн станице балха воьду. Цигахь кӏез-мезиг ӏемина.
Товханна улло охьадиллинчу цхьа мор дечигна йукъара стоммо гал схьа а хилийна, чоин тӏемаш кӏел хьарчош, Абросимовна улло охьахиира иза.
– Важа эпсар стенга вахана? – хаьттира цо шен хӏиллане боцу ӏаьржа бӏаьргаш Абросимовна тӏе а боьгӏна.
– Салти болчу вахана иза.
– Хьо хӏунда ца вахана?
– Со эпсар ма вац.
– Салти ву хьо?
– Салти а вац.
Къона хӏусамда, цецваьлла, къаьрззина хьеше хьаьжира. Схьахетарехь, хӏинцций бен цуьнан тидам ца хиллера шен оцу хьешана тӏехь тӏемалочун духар цахиларан.
– Дурной башка! – шен хьаьжа тӏе куьг туьйхира цо. – Хьуна тӏехь салтин, йа эпсаран духар ма дац. Цуьнан тидам ца хилла сан! Хӏета, тхоьгара налог йаккха йа латта дӏадаккха веана хир ву хьо?
– Хӏан-хӏа. Иза а йа важа а дац. Дуьххьалдӏа отрядца схьавеана.
– Дуьххьалдӏа вархьама, цхьа а ца вогӏу тхо долчу, – гӏайгӏане корта ластийра хӏусамдас. – Хӏета, тхо дойъуш, тхан цӏенош дагош, йалташ дохош, тхо схьа а лоьцуш, Сибрех дуьгуш хьажа веана хир ву хьо?
Яков Степанович вохийра цо дуьххьал схьа хӏоттийначу хаттаро. Хӏун аьлла жоп лур ду ца хиъна, корта ластийра цо.
– Цӏе хӏун йу хьан? – хаьттира нохчочо.
– Яков Степанович.
Цо шозза-кхузза корта таӀийча, иза резацахилар хиира Абросимовна. Дӏакхевдина, товханара дечигаш хьадина, цӏе марса а йаьккхина, хьешехьа вирзира иза.
– Ши цӏе хила ца йеза стеган, цхьаъ хила йеза. Цхьа цӏе а, цхьа дош а. Шун ши цӏе йоккхуш гӏиллакх дуй, хаьа суна. Оха и ца до. Ас Яку эр ду хьох. Реза вуй хьо?
– Хӏунда вац? Ткъа хьан цӏе?
– Исмаьӏал. Ахь сан хаттарна жоп ца делла, Яку. ХІунда веана хьо хӏокху догӏанехула тхан лаьмнашка?
Жоп дала дешнаш ца карош, куьйгийн пӀелгаш сеттош, цхьа йукъ йалийтира Абросимовс. ТІаккха, дайн куьг а ластийна, нийсса Исмаьӏалан бӏаьргаш чу хьаьжира.
– Шу дойъуш, шун цӏенош дагош,