Цуьнан гергара ву Нажин-Юьртара йуьртда Шахьболат а. Тхан цӏийнах стаг ву йуьртда Жанхот а. Цуьнан долахь хьер а, дуккха даьхний а ду. Шахьболатехула схьайогӏу зӀе тхан къечу хӏусаме а кхаьчна. Шайн гергара мел волчунна цара дихкина ӏаьлбагна тӏаьхьахӏоттар. Мелхо а, тхо цунна дуьхьалдаха гӏерта. Цара аьлча, бердах а оьккхур волуш ву сан да, ткъа дас бохург ца дича, со а ца волу.
– Ткъа оцу хьалдолчу гергарчара шайн хьолах хӏумма а кхочуьйтий хьан дена?
Исмаьӏала цавешаш мерах шок туьйхира.
– Мацалла леш воллуш хилча, хьаьжкӏан буьртиг-м, дера, лур бацара!
– Хӏетте а ву иза цара аьлларг деш?
– Іовдало ца деш хӏун дуьсу? Вай гергара ду, вовшашна муьтӏахь хила деза, боху.
Чувеанчу Рихтера йукъахдаьккхира цаьршиннан къамел.
– Неӏалт хилла догӏа! – Тӏера схьайаьккхина плащ дуьххехь пенах тоьхначу хьостамах хьалаоьллира цо. – Моьттур ду-кх, и стигал йаьттӏа! ХІокху жоьжахатин цӏергахь багарша бина бала бу-кх! ХІокху шайн хьожанечу лаппагӏнаш чу а таьӏна, шайга аьлларг деш ца ӏаш! Хӏокхара хӏун лоьху, хаац-кх. Варраш йу-кх, шаьш ма-йарра варраш!
Шаьлтанан макъарна тӏе куьг диллина, цхьа ког хьалха а тесна, неӏарехь лаьттачу Исмаьӏала, капитанан багах тӏаьххьара дешнаш девлча, цергашца балда а лаьцна, шаьлтанан мукъ буйна къевлира. ТІаккха Абросимовга а хьаьжна, гӏайгӏане корта а хьовзийна, аравелира иза.
Хьаша – хьаша ма ву, иза мухха велахь а.
Салатавера гӏаттам, дӏасабаржале, хьаьшна дӏабаккха сихвелира Свистунов.
Амма хьал хӀор а минотехь хийцалуш догӏура. Веданна гондахьа терго йан Эрсана-Коьртехь Курински полкан шиъ батальон а, 20-чу артбригадин шиъ йоккха топ а йитина, шеца кхоъ ах батальон а, гӏалгӏазкхийн шиъ сотня а, нохчмахкахойх вовшахтоьхна милицин дружина а, шиъ йоккха топ йолуш иза, Гендарганахула чекхваьлла, Даьттахе кхаьчча, кхузахь боьхна хаамаш беара цунна. Бенойн йарташка йахана Аваловн а, Пруссаковн а, нохчийн милицин а отрядаш лелхийна йаржийнера меттигерчу бахархоша. Накашидзес хаам бора, шена тӏехьахь, Дегӏастанахь, йуха а Гумбет а, Сиух а гӏеттина, ша шен коьртачу ницкъашца цига дӏавоьду аьлла.
Накашидзен хаамо а, Бенахь хиллачу эшамо а дог дохийра Свистуновн.