тӏекъевкъира иза. – Ши-кхо де хьалха ду-кх, Салатавехь дерриг а дика ду бохуш, ахь суна чӏагӏонаш йеш. Хьайн мера кӏел хуьлуш дерг ца галла бӏаьрзе ву хьо? Хӏун деш бу хьан лазутчикаш? Хи чу туьйсуш ву хьо айхьа царна ло ахча! Диламна тӏе а ца воьдуш, новкъара йуха хӏунда вирзина хьо?
Стоьла тӏе бӏаьргаш боьгІна, хьаьжайукъ а хабийна, собаре ладоьгӏура Батьяновс. Селхана Салатаве йина экспедици кхиамза чекхйаьллера цуьнан. Бакъду, Тургӏан-гӏап цӏе йолчу ломахь чагӏвелла ӏаьлбаг, кхузза штурм йича, цигара дӏаваккхавелира цуьнга. Амма пайда барий ткъа, отрядера ткъех стаг вийна а, дукханна а чевнаш йина а хилча? ТІе, кхидӏа хьалха ваха а ца ваьхьна, хӏара Акхташ-Эвла йухаволуш, цхьана минотана а синтем ца хуьлуьйтуш, тӏейетташ валийра иза ӏаьлбага. Батьяновс шен толам бу бахахь а, хаза кхоччуш эшам бара иза.
– Сан кӏезигчу ницкъашца хьалха ваха кхераме дара, хьан локхалла, – бехказвала гӏоьртира иза. – Мятежникашна шера хаьа вай дӏа мел боккху ког. Некъашца, хьаннаш йуккъехь кӏелонаш а йой, йуххера тӏейетташ, вайна даккхий зенаш до цара…
– Ткъа хьуна хӏун моьтту? Вай ӏаламе сакъера арадевлла моьтту хьуна? – Тӏаккха Самойловна тӏевирзира иза. – Ахь хӏун олу, полковник?
Самойлов везза хьалагӏеттира.
– Хьан локхалла, со реза вац вай схьалаьцначу тактикина, – элира цо, жимма ойла а йина. – Симсара а, Байтарке а эрна йагий вай. Вайн къизалло дарбийр бу кхечу йарташкара бахархой, гергарлонаш а ма ду царна йукъахь. Оцу шина йуьртан доьалгӏа дакъа нах а ма бацара мятежникех дӏакхеттарш. Ткъа вай къеначарна а, зударшна а, берашна а таӏзарш до. Шайна зударшций, берашций тӏом бан лаац бохург хазийна салташа а…
Командующис сацийра Самойловн къамел.
– Схьахетарехь, полковник, хьан а, оцу салтийн а ойланаш цхьаьнайогӏу-кх, – забар йечуха Іоттар йира Свистуновс. – Цуьнан Воккхалло Императоро сох тешийначу областехь тахана хӏоьттинчу хьоло кхерамна кӏел хӏоттийна Закавказьера фронт. Хьалхарчу деношкахь аш ледарло ца йинехьара, господа, хӏара ун Дегӏастана даьржина хир дацара. Ткъа хӏинца цигара мича даьржар хаац, Ша Дела воцчунна. Мятежникех дог лозуш салти хаалахь, уггар луьра таІзар де. Тоьпаш