полковник, округан начальник хуьлу. Россехь волостан писаран болх ца лучунна кхузахь кара лакхара ӏедал ло.
ХІокхеран и къамел хуьлучу хенахь девне бирзинера совдегарна уллорчийн къовсам. Йукъ-йукъара схьахезара аьшне, дӏаьвше дешнаш.
– Хьовсийша, нохчашкахьа гӏо доккхуш воллийца!
– Цхьана кетаран мезий ма ду уьш.
– Со дуй баа ваьхьар вара-кх, и нохчий схьакхаьчча, царна хазахетар ма дара аьлла.
– Хазахетта а ӏийр барий ткъа, цаьргахьа бевр бара-кх!
Хӏетта Васалца къамел хилла деро стаг, пхьаьрсийн голашца нах дӏаса а теттина, совдегарна тӏевахара.
– Хьуна вон болх биний оцу нохчаша?
– Цара хӏун дийр дара суна? Суна хӏума дан куьйгаш доца ду церан!
– Кхузахь, оьрсийн йуьртана тӏе а летта, цара нах байъина бохуш, хезний хьуна? – мохь туьйхира кхечо.
– Массо а вуьйр-м дера вара, вайн ирсана, ницкъ вайгахьа бацахьара.
– Амма собаре халкъ ду-кх и нохчий, шу тайпа нах кхузахь ловш ӏен!
– Церан хьолах, цӏийх а ца йиллина ахь и гайн тӏингар?
Васална ша лоьху меттиг карийнера. Цо сацамбира кхузахь хӏоьттинчу хьолах пайдаэца. Амма цуьнгара хьалхе йаьккхира, тобанна йукъара а ваьлла, йуьстахъхӏоттийначу чуьйнан гӏанта тӏе хьалаваьллачу цхьамма.
– Ладогӏал, адамаш! – мохь туьйхира цо, куьг хьала а лаьцна. – Ладогӏал, дика адамаш! Килса чохь мозгӏаро а, хӏинца хӏокху берстинчу господаша а дуьйцург харц ду шуна! Вай а, нохчий а вовшехлоьтуьйтуш, шайн ӏедал а, хьал а лардан гӏерта уьш. Цара сийсазбен и нохчий къинхетаме а, тешаме а, оьзда а адамаш ду. Россехь помещикан лай хилла ваьхна сан ворхӏе да а. Латта а доцуш, йаа сискал а, цхьа а тайпа бакъо а йоцуш. ТІаккха «маршо» йелира, амма помещикан буйнара ца велира со. Латтий, йалтий доцуш, доьзалца эрна арахь висира. Кхолламо хӏокху Терка тӏе кхийсина, гӏаддайна, кӏелдисина тхо нохчаша тӏеийцира… Къен а, меца а, балехь а бара уьш, хӀетте а тхо тӏелецира цара. Оьрсий ду, керстанаш ду аьлла, йуха а ца теттира. Цхьаммо а ца йина терго йира тхан. Цигахь кога а хӏоьттина, сайн доьзалца охьаваьлла, кхузахь дӏатарвелла со. Хӏара хӏинцца хабар дийцинчарех болчара йемалбо уьш, цара шайн маршонехьа, нийсонехьа къийсарна. Варийлаш, ӏеха ма лолаш, и нохчий вайна дуьхьал бац