лела-кх. Йа кӏант амалтана вуьгур ву. Хьалха бигнарш санна.
Кхин масех доьзал а дуьхьалкхийтира МІаьчигна йуьрта кхачале…
Шоьнаний, ТІуртӏин-Кӏотӏарний йуккъехь лаьттачу Коьжалкан-Дукъахь чІагӏвелла ӏаьлбаг, цигахь вохийна, вийна йа дийна шена тӏевалаве аьлла, буьйр дара Свистуновн полковнике Батьяновга.
Хаддаза дӏа походашкахь чекхбелира бӏаьстенан тӏаьххьара ши бутт. Тахана къарйина йурт, отряд кхузара дӏа ма-йеллинехь, йуха а гӏовттамхойх дӏакхетара. Йагорах а, нах лецарх а, амалтана бигарх а ца совцура. Таӏзарша, мелхо а, карзахдохура адамаш.
ХІокху деношкахь Салатави а хьаьшна, зандакъойн йарташ а йагийна, Хаси-Юьрта йирзина, кхаа-деа дийнахь садаьӏна 80-гӏа ГІебартойн гӏашлойн полк Яьссица хьала йолайелира. Йуьхьанца дуьйна муьтӏахь хиллачу Ишхойн-Юьртахь жимма саца а сецна, оцу йуьртан лакхенах ткъех стагах лаамхойн отряд вовшахтуьйхира Михаил Ивановича. Царна тӏе командир хӏоттийра Тӏерга-Дукъахь гӏовттамхойн дуьххьара хиллачу къайлахчу бартах мотт бохьуш шена тӏевеана Ботар.
Зоьрталчу, стоммачу дегӏахь, чӏенга кӏел кхалха кхалкъ йиллина, цӏен йуьхь, къорза бӏаьргаш болу Ботар, коча тур тесна, берстинчу дина а хиъна хьийзара. Мотт эцна варна йелла мидал а йара чоин бустамашна тӏехула некха тӏе оьллина.
Батьяновс шена тӏекхайкхира Хортӏин Асхьад.
– Чехкка Гати-Юьрта а гӏой, отряд цига дӏакхачале, йуьртара берриг божарий со тӏеэца кечбе.
– Ладугӏуш ву, хьан оьздалла!
– Цхьана а стагехь герз а ма хуьлийла. Нагахь мичча бахьаница дуьхьал ца вогӏуш стаг висахь, цунна уггар луьра таІзар дийр дуйла а хаийта. Йахийта!
Ӏамаза цхьана кога тӏехь а хьаьвзина, ведда вахана, шен говра а кхоссавелла, Гати-Юьртехьа дӏахаьхкира Асхьада.
Яьссин йистонца хьалайолайелла отряд, цхьа сахьт даьлча, Гати-Юьрта кхечира. Эвла йистехь тоба а йина лаьттара ах бӏе гергга стаг. Тобанна йукъахь вара Батьяновна вевза йуьртда Хортӏа а, векъана хьаьжо а, таро йолчех кхин масех стаг а.
Говр човхийна, тобанна тӏе а вахана, мохь тоьххана маршалла а хаьттина, Асхьадна тӏевирзира полковник.
– Нах кӏезиг хӏунда баьхкина суна дуьхьал?
– Бевдда, хьуьнха бахана уьш, хьан оьздалла…
–