йу. Йа, хьанна хаьа, тхо гучу ма-девлли, бовда а мега.
– Хьайн воккхавер йухаоза, капитан, – ӏен ца велира Абросимов. – И нах маршонна гӏевттина. Вай йемалдан, шайн сий лардан. Уьш летар ма бу. Хьох къинхетам а бийр бац.
– Даим а цаьргахьа уьйзу ахь, Яков Степанович. Стенна оьшу хьуна и акхарой?
– Хьо кхетар вац сох, барон. Вайша дукха дийцина цунах лаьцна.
Сирачу динахь уллошха тӏехволучу полковнико Батьяновс приказ дира капитане, шен ротица хил дехьа вала аьлла.
– Господин полковник! – тӏехьаьдира цунна Рихтер. – Пурба лохьа суна сайн ротица штурм йоло. Хьуна ма-хаъара, сан бахьанаш а дара хьалха хила.
– Мегар ду, капитан. Дала аьтто болда хьан!
ХІокхеран къамел хадале говр хаьхкина тӏевеара Ойшиев. Поручикан балдаш кӏайделлера, цӏий дІаӏаьвдича санна. Йуьхь а йара макхйелла, амма боккха ши бӏаьрг, массо пха цӏийх буьзна, схьаэккха боллура.
– Хӏун хилла, поручик? – хаьттира полковнико.
Дакъаделлачу балдех мотт хьаькхира Чомакха.
– Доьхна хьал ду, хьан оьздалла. Сийсара сан цӏенош а, пурстоьпан канцеляри а йагийна мятежникаша.
Чомакх гича, йуьхьанца кхеравеллачу полковнико доккха садаьккхира.
– Кхин хӏумма а дуй?
– Сан милицина делла хӏоъ-молха а лаххьийна дӏадаьхьна.
– Ха дацара цигахь?
– Дара. Цхьаъ вийна, бисинарш бага горгамаш йоьхкина дӏабихкина карийна.
Полковникан йуьхь Іаржйелира.
– Хӏун нах бара хадийраш?
– Сан участкерчу йарташкара милцой а, хӏирий а.
ДІаэккха гӏерташ, ворта сеттош гаьллаш ӏуьйшу говр, урх йуха а тухуш, човхийра полковнико.
– Суна теша лаьа, поручик, хилларг хьан бертахь дацарх.
– Ахь хӏун дуьйцу, господин полковник! – тӏе а бос баьхьира Чомакхан. – Ишттаниг дага а муха даийти ахь?!
– Хьан бертахь дацахь а, хьан ледарлонан жамӏ ду иза. Хилларг цуьнан локхалле дӏахаийтар сайн декхар хета суна.
Чоже кӏажаш таӏийна, говр хьалха а хецна, Чомакх воьхначохь а витина, дӏавахара Батьянов. Цхьана минотехь, цунна тӏаьхьа хьоьжуш, чурт санна, вогӏавелла лаьттина Чомакх цецвелира шена уллохь лаьтташ Абросимов гича.
– ДІаэца хьайна, – элира Чомакха, корта а хьовзош. – Декъазчунна ден цӏера а догӏу, олуш кица ду тхан. Изза ду-кх суна хилларг а. Мятежникаша цӏенош дагийна,