кхузахь бита ца тешна, ца баьхьна, бахийтина хир бу-кх.
Берсас ойла йира…
– Царах цатешар-м хир дацара иза, Овхьад. Орцагӏарал, Ботагӏарал хьалха-м инарла Свистунов вер вара вайгахьа. Схьахетарехь, бахьана кхин ду. Кхузахь халкъ гӏеттина аьлла хезча, нохчийн полкера нах цӏа ида боьлла. Цигахь царна тӏехӏитто вайнехан эпсарш беза хир бу командованина.
Аьхкенан йоца буьйса чекхйала гергалестира. Цхьаъ вукхунна тӏаьххье дӏадовра седарчий. Ша дӏаваха везар дагадеара Овхьадна.
– ӏаьлбаг мичахь ву хаьий хьуна? – хаьттира цо.
– Билггал хаац. Селхана Симсарна гонаха вара иза. ХІуъу дай а, Чӏебарла вала хьажа аьлла, хабар кхетийна ас цуьнга. Басса тӏе гӏохьа. Цигахь хила а мега иза. Болат а вахийтина цигара йарташ гӏовтто. Цунна накъосталла а дер ахь. Соьгара маршалла а ло цаьрга. Хӏан, схьавола…
Овхьад, мара а къевлина, дӏахьажийра Берсас. ТІаккха, Мичках дехьа а ваьлла, иза хьуьна чохь къайлаваллалц цунна тӏаьхьа а хьежна, меллаша чувахара.
Йурт гуттар набарна йеттачу хенахь йуьстах гомийчу урамашкахула меллашчу боларехь вогӏу бере, Айзагӏеран кӏетахь сецна, говрара каде охьа а иккхина, зӏар диллина, говран йуьхь а лаьцна, керта вуьйлира.
Доккха кӏайн жӏаьла, мотт баьккхина, цІога а лестош, тІаьхьарчу когаш тӏе а хІуьттуш, беречун некха тӏе когаш бетташ, цӏийзаш ловзаделира.
– ДІадалахьа, Барза! – човхийра иза беречо. – Дӏадала!
Лохачу цӏенойн цхьаъ бен йоцу неӏ меллаша цкъа херйелира, тӏаккха цигара схьакъедира тоьпан йуьхьиг. ЖІаьла хьесталуш гича, керта веанарг хийра стаг воцийла а хиъна, топ а буйнахь аравелира ӏусман. Бодашкахь хьешан сибат ца къасталахь а, ӏусманан дагна хааделира иза ваша хилар.
– ӏуми! – лохха мохь белира цуьнга.
Топ пенаца дӏа а хӏоттийна, хьаьдда тӏе а вахана, вешина марахьаьрчира иза.
– ӏуми! Ма дукха хан йара хьо ганза! – вешин некха тӏе бесни хьоькхура Іусмана. – Хӏинца-м гӏур вац хьо со а витина.
– Дӏавала, осала ма лела, – вешин коьртах куьг хьаькхира ӏумара. – Нана цӏахь йуй?
– Йац. Кхоалгӏа буьйса а йу тхо дукъахь левчкъина ӏен. Хӏинций-хӏинций нах леца салтий богӏу бохуш, цӏа дахка ца даьхьаш.
– Вайн-м ца висина цара дӏалаца стаг.
– Царна бен дац – зударий а,