дов доло а. Тоьлур доцу дов дитахьара мел дукха бехира шуьга! Амма наношка, зударшка аш ладогӏац. Ткъа бохам тхоьга алсам кхочу. ЦІийнах-цӏерах девлла, акхарой санна, кху хьаннашкахь лечкъаш лелар а, шуна сагатдар а…
Айзин бӏаьргех мела хиш хьаьлхира. Корталин тӏемаца уьш дӏа а хьаькхна, текха йаьхна хьолтӏамаш чоьлпица йаржийра цо, берамца кад хӏотто йукъ мукъа а йоккхуш.
– Хӏинца цӏахь ӏай шу? Ӏаьлбаг-Хьаьжас хӏун боху? – хаьттира Къайсаран зудчо Маккас.
– Цӏахь хӏунда Іа? – цунна тӏевирзира дечиган туьппалга тӏе а хиъна ӏен ӏумар.
– Кхин хӏун дийр ду аш? Тоьлур доцу дов дита ма деза, и ца хаъал кортош боцуш бу шун тхьамданаш?
– Царна дика хаьа шаьш лелориг, – доцца хадийра ӏумара.
– Валлахӏ-Делора, ца хаьа хӏумма-м царна, – моха йеара Маккина. – Тхо а, шаьш а дакъаздаьхна лела-кх. ЦІенош дагийна, кертара бежанаш дигна. Хӏинца ас хӏун дан деза? Хӏара стаг вехь, лаьцна Сибрех вахийтахь, сох а, берех а хӏун хир ду?
– Тхан ненах хилларг.
– Шун нана а йу-кх декъаза дуьне дууш…
Ӏумар оьгӏазвахара. Зударийн чІеӏамаша йуучух а догдаьккхира цуьнан.
– Тхо летар ду-кх делла дӏадовллалц, йа маршо йаккхалц, – деро вистхилира иза. – Ма цӏенош хили хьуна оцу вайн тоьланех! Даьхний вайн мичахь хилла? Халла кхиийна цІоьллакаш. Гай йуззалц дууш ца хилча, ца летта хӏун дийр ду? Лийриг велла, вуьсург висина, цхьа агӏо йаллалц летар ду-кх. Тхо делларш а ларий, шайн гӏайгӏа бе аш.
Айзина цкъа а ца гинера шен кӏант иштта дера. Цецйаьлла цуьнга хьажайеллачу нанна кхин стаг гира. КІентан йуьхьа тӏехь хӏинца лар а ца йисинера кхо бутт хьалхалерчух. Йуьхь Іаржйелла, азйелла, йахйелла гора. Маж-мекх даьллера. БІаьргаш а кхоьлина. Ӏусман, шен да санна, эсала ву, ткъа хӏара шен амалшца шен ден вешега Аьрзуга хьаьжна…
…ХІаъа, Мӏаьчиг бакъ лоьра. Иза кхеттера доттагІчун дагах, даим санна. Цаьршинна вовшийн бӏаьра ма-хьаьжжинехь хаьара вовшийн дагара. Халахетча а, хазахетча а. Васал меллаша хьалха дӏаоьхура. Ши бӏаьрг лаьтта а боьгӏна, гондӏара исбаьхьа ӏалам а ца гуш. Олхазарийн эшарш а ца хезаш. Шен йуьхьах деттало гаьннаш ца хаалуш. Йерриг шен ойланца къилбаседехьа, даймахка а вахана. Дагадеара шай, Косолаповвий ведда Нохчийчу