меттиг ма бац сан. Со а вилхина. Хонкарахь. Зуда санна. ТІаьххьара йоӏ йелча, цуьнан докъана улло а хиъна… Ирча буьйса йара иза, Васал. ТІедетта догӏа, къекъа стигал, детта ткъес. Тоьли чу хӏоьттина Іам. Йелла ӏуьллу йоӏ. Мичахь ву а, ву-вац а ца хуу Коьра. Нехан хийра мохк… Ирча буьйса йара иза, Васал. Со а вилхира, зуда санна.
Васала, вист ца хуьлуш, корта теӏабора. ТІаккха доттагІчуьнга хьаьжира иза.
– Со воьду, МІаьчиг.
– Стенга?
– Тӏаьххьара а Ловдега хьажа. Кхин гур ма вац суна иза.
– Со а вогӏу хьоьца…
Бохамаш цкъа тӏелахкабала боьлча, царах дулу адам. Дуьххьарлера лазар хало хуьлу. Ткъа иза дахделча, кхин а тӏекхетча, йа дог чІагӏло цуьнан, йа, шех дог а дуьллий, кӏелсоцу стаг.
Хьалха маситта шарахь тӏом лаьтташ, Іожаллех боьллера нах. Цхьа а де ца доьдура йуьртахь цхьаъ йа масех стаг лаьттах ца вуллуш. ХІор а денна дебара кешнийн баьрзнаш. Шо далале кешнийн керт дӏасаоза дезаш хуьлура. Вийнарг дӏавуллуш лийчо а, тӏаьхьа сагӏанаш даха а ца оьшура. Къийсамехь веллачунна уьш ца оьшуш магийнера. Хӏетахь белхар-тезет а ца лаьттара керташкахь. Царна хан йацара нехан. Тӏамо хан ца йуьтура веллачунна велха а, висинарг хьаста а.
Бахбеллачу тӏамо хӏетахь дахчийнера адамийн дегнаш.
Цул тӏаьхьа вуьрхӏитта шо даьлла. Хӏинца вийна валийнарг жимма а адамаллехь дӏаволла гӏертара нах. Гӏаттам болабелча, йуьхьанца тезет-белхар а шина-кхаа дийнахь лаьттара. Тӏаккха, цхьа бутт баьлча, цхьана дийне дирзира иза.
Тахана деанхьа тезет ду Гати-Юьртахь. Маьждигна хьалха бармашна тӏе охьадиллина диъ дакъа Іуьллу. Йуьртара а, гонахарчу йарташкара а нах гулбелла. Цхьакӏеззиг къена нах боцурш, берриг а герзашца бу. Амма Хортӏа а, цуьнан кӏант Асхьад а ца гора цхьанххьа а. Йа цхьана а тезета а ца веанера и шиъ. Молланаш Товсолта-Хьаьжа а, йа Панта-Хьаьжа а ца веана хӏорш дӏабохка. Байъинчийн гӏуллакх деш верг къона молла Маӏазин Лорса вара. Амма, докъан ламаз дина, наха барамаш хьалаойъуш, тӏевеара Хортӏин Асхьад. Цуьнца бара ӏедало милцой бу аьлла битина Саьӏад, Инарла, Чӏонакъа. Хӏорш кхоъ дегаза вогӏура нахана тӏе, амма Асхьад майрра веана тӏехӏоьттира.
– Собардел, нах, – элира цо салам далар доцуш. – Декъий