ладуьйгӏира цо Овхьаде. ТІаккха, йуьртара Хьаьки-Хьаьжа а, Юьсп-Хьаьжа а схьа а кхайкхина, цаьрца дехха къамел хиллачул тӏаьхьа, барт хилира шина-кхаа дийнахь Басса тӏехь гӏаттам боло.
Шолгӏа де а чекхделира хоттанхошций, элистанжахошций барт беш. ГІовттамхойн байракх кӏел хӏотта кийча вара кхо бӏе стаг. Амма, уьш берриш вовшах а тоьхна, гӏуллакх дӏадоло хӏорш кхиале, дагахь доццург хилира.
ХІокху йарташкарчу айкхаша сихха ӏедале дӏакхачабора бахархоша мел боккху ког. Болабалале гӏаттам сацо а, нагахь болалахь, и йарташ къилбаседан Нохчмахках а, Чӏебарлах а дӏахедо а дагахь, подполковникна Лохвицкийна гӏоьнна Чӏебарлан дозанашка йаийтинера Чахкарахь лаьттачу Навагински полкан кхоалгӏа батальон, цул сов, меттигерчу бахархойх масех отряд вовшах а тоьхнера.
Махкатӏехь хезара къилбаседехьа Коьжалкан-Дукъахь йуьйлучу йаккхийчу тоьпийн дур. Кхузара дӏахьаьжча, гора стигланца хӏоьттина молханан а, йогучу хьаннийн а кӏур. Хаамаш кхаьчнера, цигахь ӏаьлбага паччахьан эскарш дохийна бохуш. Баккъал дерг ца хаьара атталла Болатна а, Овхьадна а. Амма оцу хаамаша дегнаш айъинчу махкатӏхоша, шолгӏачу дийнахь байракхца маьждиган майдана а гулбелла, кхузахь зуькарш долийра.
Зуькарш а совцийна, уьш цхьана низаме бало гӏоьртина Болат а, ӏабдул-Хьаьжа а гӏорасиз висира.
Адамаш зуькарна хьаьсарта даханчу хенахь кхуза кхечира Веданара дӏа йуханехьа Шуьйта йоьду чӏебарлойн милицин отряд. Вуьшта а милицега безам боцу нах, уьш гича, кхуьург говра ваьлла, бисинарш гӏаш а герзашца царна дуьхьал хьаьлхира. Отрядна хьалха вогӏу коллежски регистратор Бердкӏелхьара Курбанов Хьайбулла маслаӏатна вистхила гӏоьртича, иза тергал ца веш, тӏехула тоьпаш туьйхира наха. Ткъа милцоша тӏаккха баттара тарраш дехира. Йарташкара нах цхьаьна а кхетта, царах низамехь цхьа отряд вовшахкхетталц дов доло ца лиъначу Болата бӏаьргашца лехира ӏабдул-Хьаьжа. Амма иза а, йа Тангӏай а гуш вацара. Карзахбевлла нах совцо цо бетта мохь гӏовгӏанашна йукъахь тӏепаза бовра. Шайн отрядехь чевнаш хилларш а, вийна стаг а гинчу Хьайбуллас тӏетоха аьлла омра дира. Оцу минотехь гучуваьллачу ӏабдул-Хьаьжас